Балхо дикка г1елвинера Шабарш. Жимачунна ч1ог1а ца лаьара зингател т1аьхьависа. Ткъа уьш-м хьаьвди-девдий лелаш, эццахь капитанна Вероника дага а еъна ойла хилира: «Цуьнга а зингатий т1аьхьа-м дитлур дацара!..» Уьш-м т1ах-аьлла а, каде а белхалой ма барий. Амма Шабарша а цхьаъ ца деш 1аш вацара. Цо – йоккхачу Софин хьехарца – сеничуьра жима литт юккъера доций...
