ХIаваан кеман чохь хилларг

(ХӀара гӀуллакх 2014-чу шарахь аьхкенан заманахь хилла ду)

 

«Аэрофлот» авиакомпанино денна а еш йолчу рейсех цхьаъ а яра иза. ХIаваан кема ЯК-42 Соьлжа-ГIалара Стамбуле доьдуш дара. Лайнеран салона чохь цхьа а паргIат меттиг яцара – нах луларчу пачхьалкхе шайн гIуллакхашка боьлхуш бара: йохк-эцарна арабевлла а, зиярташка боьлхуш а, хьошалгIа кхайкхина а, шайн цIа баха бевлла а. Пассажирашна юкъахь бераш а, кегий нах а, мехкарий а, зударий а, божарий а, баккхийнаш а бара.
Кеманан моторийн цхьанаэшшара еш йолу гIовгIа, салонехь синтеме, паргIат хьал, пассажирийн хьашташка леррина хьовсу стюардессаш – цхьа а хьовзам боцуш, тийна дIадоьдура лайнер.
Дерриге а дIадоладелира, кема лаьтта охьахаа гергадахча. Иза жим-жимма охьалахлуш дара. Шайн гIенташкахь, доьхканаш дIа а тесна, кема лаьтта охьахааре хьоьжуш Iара пассажираш. Амма цIеххьана цамоьттург хилира: охьахааран метта, лайнер хIаваэ хьаладирзира. Стиглахь боккха го а тесна, юха а лаьттехьа охьалахделира кема, амма охьахаар ца хилира. ШолгIа а, кхоалгIа а, пхоьалгIа а го тесира кемано, амма охьахаалуш дацара иза. Пассажираш боьхна хьаьвзира. Цкъа хьалха лохха, юха тIеттIа чIагIлуш, резабоцучу нехан аьзнаш хаза дуьйлира салона чохь. Наха вовшашка хоьттура: «ХIара хIун ду хуьлуш дерг? Вай охьа хIунда ца ховшу? Экипажехь берш цхьа а хIума олуш ма бац!»
Ткъа кема юх-юха а лаьтта тIехула хьийзара, иза, хIуъа а дича а, охьа ца хаалора. ЧIогIа карзахе хьал хIоьттира кеманна чохь: наха маьхьарий хьоькхура, «Аэрофлотана» а, кеманан экипажна а неIалташ кхайкхадора, шайн метигашкара хьала а лелхаш салона чухула дIасауьдура. Стюрадессаш шайн ницкъ ма-кхоччу уьш тебан гIертара, пассажирашка охьаховша бохуш, дехарш деш, йиш хаьллера церан.
– Кема цхьана агIор дазлур ду, иза чIогIа кхераме ду! Со вацахьара шу, хIинцца дерриг а дIанислур ду! – нахе хаддаза дехарш дора цара.
Амма кхерамо Iадийначу нахана цара дуьйцург ца хезара. Царна билггал хуург цхьаъ дара – шайн дахар кхерамечу хьолехь хилар. Уьш карзахбевллера, цхьана а дега совцалур а боцуш. Кегийчу нехан цхьа тоба яра, пилотийн кабини чу а лилхина, и «писаш» хIун деш ю хьовса а, цаьрца дерг «къасто» а Iалашо йолуш. Амма, куьйгаш дIаса а даржийна, шайн декъеш тIехула бен кабини чу гIур дац шу аьлла, пен санна, дуьхьалбевлла стюардессаш а бара.
Салона чохь инзаре йоккха гIовгIа яьллера, баккхийчеран маьхьарех дIаийнера кегийчу берийн делхар.
Адам холчу хIоьттинчу оцу кIуркIаманехь бусалба нехан духар дуьйхинчу, цхьана зоьрталчу стеган онда аз дийкира:
– ХIай бусалба нах! Вежарий, йижарий! Кхера ма кхера – вайн дахар Веза-Воккхачу АллахIан карахь ду! Цунна тIебилла болх! ДоIа де, вай кIелхьардахар деха Цуьнга!
Иза доIа дан хIоьтира. Цу стеган ондачу озо кхечеран маьхьарий дIахьулдира:
– АллахIу акбар! АллахIу акбар! Ашшаду ла иллахIа иллаллахI! Ашшаду анна Мухьаммадан РасуруллахI!
Кестта адамийн маьхьарий дIасевцира. Деле хьажийначу доIанан дешнаша тIеIаткъам бинера царна. Жим-жимма меттабогIуш, доIа дечу стаге ладогIа хIиттира уьш.
Цу стага къинхетамечу АллахIе даггара доьхура шаьш кIелахьардахар. Цуьнан доIанехь хаалора кхаьрга беана бала:
– Веза Дела! Берриге а Хьайн пайхамарийн а, эвлаяийн а дуьхьа, стигалан а, лаьттан а дуьхьа, бусалба умматан а дуьхьа хIокху кеманна тIехь болчу Хьайн мискачу лайшна кIелхьарбовлар лохьа, тхан Сийлахьа, Къинхетаме Дела! – доьхура цо.
Кийрара схьадуьйла цуьнан дешнаш буто ша башшол довха дара, Деле долчу цуьнан доӀанехь цхьа шатайпа шовкъ а, лазам а хаалора.
ТӀаккха гучубелира Делан доза доцу къинхетам: Цо жоп делира цу стеган доIанна. РогIера го а баьккхина, охьалахделла кема, меллаша лаьттана гергахьа кхочуш лаьттара. Эххар а иза, цунах дIа а хьакхаделла, ша охьахиинчу асанна тIехула дIадахахкаделира. Кестта аэропортана юххе дIадахийтира иза пилоташа. Хазахетаран маьхьарий, тIараш деттар, гIовгIа, адамийн делар – дерриг а цхьаьнаийнера цу миноташкахь кеманна чохь. Нах вовшашна марабетталуш, шаьш кIелхьардовларца вовший декъалбеш бара:
– ЭлхьамдуллиллахI! Везачу Далла хастам бу! Цуьнан къинхетам боккха бу! – бохуш, хастамаш бора цара.
Юха шаьш холчу хIиттина боьхна хьийзачу хенахь Деле доIанехь шаьш кIелхьардахар дехначу стагана баркаллаш баха хIиттира уьш. Ткъа важа, вист а ца хуьлуш, кора йистехь Iара, наха шена баркалла аьлча, дуьхьал корта а таIош. Цуьнан карахь суьлхьанаш дара. Хьала а гIаьттина, аравала сиха вацара иза, кема сецна даьллехь а, нах арабовла буьйлабеллехь а. Схьахетарехь, кхечарна чул дика хаьара цунна мел боккха бу Везачу АллахIан къинхетам, мел хьоме бу Цунна Шен лайш. ХӀаваэхь хиллачу бохамах нах кӀелхьарбахар Цуьнан безаман къеггина масал дара.

Арсанукаев Муса