Т1едог1учу к1иран шинара дийнахь вайн махкахь билгалдоккхуш ду йерриге пачхьалкхан даздаран де – Конституцин де. Россин коьрта Закон т1еэцна 1993-чу шеран г1уран беттан шийтталг1ачохь. Оцу дийнахь Россехь бехаш болучу бахархошех дукхах болучара дерриге халкъийн харжамашкахь оцу документана шаьшша реза хилар билгалдаьккхира. Ткъа нийсса цхьа шо даьлча, 1994-чу шеран г1уран беттан шийтталг1ачохь дуьххьара даздаран хьолехь д1аьдаьхьра...










