Мескитахь мехалла цхьаьнакхетар

Лахьанан беттан кху т1аьххьрчу деношкахь Айдамиров Абузаран цlарах йолчу къоман библиотекехь дIадаьхьира «Нохчин мотт бийца» цIе йолу вовшахтохар. Нохчий меттан хьехархойн Ассоциацин куьйгалхочун Бергоева Азас шен хIайттараллица бинчу гуламехь дакъалоцуш бара: Нохчийн меттан институтан директор, профессор Овхадов Муса, йукъараллин а, кхеташонца йукъаметтиг лелоран департаментан декъан куьйгалхо Касумов Ислам, поэт, гочдархо Ахматукаев Адам, поэт Цуцаев lалавди, «НР Халкъан хьехархо», Iилманча Абдуразаков Шертбек, Нохчийн меттан хьехархойн Ассосиацин декъашхой болу дуккха а хьехархой, студенташ, ишколан дешархой.
И вовшахтохар лерина дара хьехархойн Ассоциацино кечдина нохчий маттахь, цкъа а кхул хьалха хилла доцу, декъалдаран кехаташна (открыткашна) презентаци йарна. Проект кхочушйеш пайдаэцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас грантехула 2023 шарахь коммерцехула йоцчу цхьаьнакхетаршна гIо дарехь билгалдинчу пачхьалкхан ахчанах
Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а, Администрацин динан а, йукъараллин а кхеташонашца йукъаметтиг лелоран департаментан гIо-накъосталлица. Нохчийн мотт lалашбаран, кхиоран lалашонца вай махкахь дlахьош болчу белхан тайп-тайпанчу кепех цхьаъ йолуш, хlара мехала проект хилар чIагlдира гуламан декъашхоша.
Абузар Айдамировн 90 шо кхачарна лерина а йара х1ара мероприйати. Мескитахь А. Айдамировн цIарах йолчу музейхьи д1ахьош хилар мелхо мехалла а дара.
Цига баьхкинера Ноьвра кIоштан лоьмар цхьаъ йолчу, Сейлмуханов Муса куьйгалхо волу литературни кружокан декъашхой.
А. Айдамировн кхоллараллех, дахарах лаьцна къамел дира НРЙС декъашхоша: Сейлмуханов Мусас, Айдамирова Машара (музейн директор), Янсуков Казбека, кхин болчара а.
Мероприйати чекхйаьллачул тIаьхьа а дIаса ца къасталуш дехха Iийра. Гуш дара къуона дешархошна оцу вовшахкхетарах боккха там хилла хилар.
Якиева Амина
Авторан суьрташ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля