Мамакаев Iаьрби  (1918-1958 – г1а ш.ш.)

Мамакаев Шамсуддин к1ант 1арби вина 1918 шеран 2-чу декабрехь Лаха-Неврехь. Серноводскерчу берийн ц1ийнехь дешначул т1аьхьа 1934-чу шарахь 1арбис доьшу литературин белхалойн курсашкахь. 1936-чу шарахь чекхйоккху Грознера рабфак, 1938-чу шарахь – драматургийн курсаш. 1940-чу шерашка кхаччалц болчу Мамакаевн кхоллараллин хьалхарчу муьран коьрта башхалла лара йог1у оцу шерашкахь поэт, литературин теорин къайленашка кхийдаш, къоман фольклоран, эстетикин башхаллаш талла г1ерташ, хаддазчу лехамашкахь совваьлла, нохчийн исбаьхьаллин дешан пхьар а хилла д1ах1оьттина хилар. Цунна тоьшалла до 40-чу шераш дуьйлалуш зорбане евллачу поэтан произведенеша («Берзан бекхам», «Шуьйта», «Баркалла хьуна», «Сан нохчо, сан г1алг1а…», «Сарахь Теркан тог1ехь», «Деригге а т1амна» — стихаша, «Нохчийн лаьмнашкахь», «Дагалецамаш» — поэмаша).
Мамакаев 1арби нохчийн поэзин кхиийначарах цхьаъ ву. Къаьсттина мехала бу Мамакаев 1арбис нохчийн стих, цуьнан кепаш киорехь бина болх. Поэтан стихаш халкъо башхачу иллешка, эшаршка ерзийна, езаш т1еэцаран бахьана а дара уьш къаьсттина мукъаме а, фольклоран буха т1ехь кхоьллина а хилар. Уьш эшарийн жанрехь язъеш а яра («Аза», «Б1аьстенан 1уьйре», «Баркалла хьуна», кхиерш а). 1942-чу шарахь «халкъан мостаг1а» ц1е а тиллина, поэт лецира.
Нохчийчохь шен къиза болх беш яра Сталинан ц1уьх1арша кхоьллина уггаре а ямартчех йолу машен – нахана та1заршдаран система. Поэт революцин символашна т1ехьа а лечкъаш, шайн са духкуш, г1уллакхаш тодечарах вацара. Зуламах халкъ лардеш, шайн букъ т1ехьа а и лоьцуш, халкъан дуьхьа са д1адала кийча болчарах вара. Иза тоьуш дара та1зардаран системина, бехкевина кхайкхош дацахь а. Шеко яц поэто ша набахтехь волуш 1944-чу шарахь халкъ махках даккхаран трагеди дукха хала лайна хиларан.
Иштта халачу зерашна т1ех1оьттина поэт, 24 шо долу къона стаг, воха цо вохаро, кагцаваларо гойту, мел шеко йоцуш, онда бара цуьнан халкъах болу тешам а, безам а. 1957-чу шарахь Мамакаев 1арби шен халкъаца виначу махка ц1авоьрзу. Поэтан къоме болу безам а, Даймахкаца йолу марзо а, ткъа иштта поэтан кхиаран лакхара т1ег1а а гойту цуьнан т1аьххьарлерчу произведенеша: «Даймохк», «Кавказе маршалла», «Кавказан латта», «Даге», «Сан к1анте» иштта д1а кхечара а.
1958-чу шарахь Мамакаев 1арби кхелхира. Шен вахарах йолчу ойланийн жам1 дира цо «Даге» бохучу стихотворенехь. Иштта кхоьллина идейни-исбаьхьаллин лаккхара масал хилла лаьтта поэтан х1ора а произведени. Шеко йоцуш ду х1инцалера нохчийн поэзин царна т1ера йолалуш хилар. Дийнна «школа» лара мегар долуш бара 1арбис т1аьххьарчу шерашкахь, литконсультант волуш, шен лаамехь къоначу поэташца бина болх. Иза церан хьехархо вара, т1аьхьа царах х1орамма а билгалдоккхура иза. Мамакаев 1арби 40 шарахь бен ца ваьхна, ткъа цу ханна т1ера «лаамаза» кхоллараллино юьстах латтийна 14 шо д1адаьккхича, кхин а дика билгалдолу и вуно доккха пох1ма долуш стаг хилар.

«Эхь деца, дагахь цхьаъ,
Дуьйцуш кхин хилча…
Ц1енаниг бехдича,
Боьханиг дилча…»

Мамакаев 1арбин стихаш, иллеш, проза хилла ца 1аш, ерриг дог-ойла а, дерриг дахар а дара хьомечу халкъана д1аделла. Иза дика го вайна тахана «яьккхинчу хенах чекххьоьжуш».
Iаьрби поэт-лирик вара, уггаре а ховха шен синхаамаш дешархочун сине а, даге а дIакхачо пох1ма долу лирик. Iаьрбис, вай лакхахь ма-аллара, дуьххьара нохчийн литературехь кхоьллира говза исбаьхьаллин васташ. Шен бIаьргашна гушдерг дIаяздар тоаме хетачу поэтех вацара Iаьрби, шена гушдерг куьце, васте дерзийна, хазачу дашца варкъ а даьккхина, бIаьрг хьостучу суртехь дешархочуьнга дIакхачочу поэтех вара:

НIаьнеш кхойкхуш, садаьржина,
Стиглахь етташура ю.
Бутт, сахиллалц ца бижарна,
КIалдан мижарг санна бу.
(«Садаьржаш»)

Цундела пох1ма долчу Iаьрбин тоьлла стихаш цIеяххана бевзаш болчу поэташа Э.Багрицкийс, А.Тарковскийс, Н.Асановс гочйина, 1938-чу шарахь Москвахь арадовлучу «Халкъийн доттагIалла» («Дружба народов»), «ЦIен седа» («Красная звезда») журналийн агIонаш тIехь арайийлар ларамаза дацара. 1940-чу шарахь араелира поэтан хьалхара «Теркан тулгIенаш» цIе йолу стихийн, кхаа поэмин кескех лаьтта гулар. Оцу шарахь дешархошка кхечира «Винчу юьрта» цIе йолу повесть. 194I-чу шарахь араелира «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма, Iаьрбин цIе нохчийн литературехь гуттаренна а яха йитина йолу. Поэтан хIора а произведенино керланиг деара нохчийн литературе. Делахь-хIета, вайн хIораннан а дахаре а веана Iаьрби башха, тайп-тайпана, амма беркате тIеIаткъам беш.
Ткъе цхьа шо бен дацара Iаьрбин, шен «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма а язйина, нохчийн поэзин лакхенашка иза кхаьчначу хенахь. Вуно къона волуш цIеяххана вевзаш поэт а хилла дIахIоьттинчу Iаьрбица хьагI-гамо йолчара оцу заманахь цуьнан дахарна кхераме мел йолу цIе йоккхура цуьнан цIарна уллехь. Царех Iедалан тидам тIехь сецнарг яра уггаре а кхерамениг: антисоветчик. Харцмотт а бина, йоцу цIе а кхоьллина, поэт набахтехь яккха итт шо хан а тоьхна, чувоьллира. Ростов, Красноводск, Чита, Хабаровск, Магадан гIаланашкарчу лагершкахь, набахтешкахь дIаяхара Iаьбийн дахаран ялхитта шо хан. Оцу ялхитта шарахь дейтта шо Магаданехь даьккхира поэта. Мацалла, шело, шена дукхабезачу Даймахках, йиша-вешех, доттагIех, уьйрех къастар хала лайра поэтан экамечу даго. Цунна цигахь девзира тайп-тайпана кхолламаш болу адамаш.
Iаьрби винчу юьртахь, Лаха-Неврехь, Эдуардан (Iаьрбин кIентан) дIадолорца схьайиллина болх беш ю литературно-мемориальни музей. Оцу музейхь дIахьо поэтан дахаран, кхоллараллин некъана лерина тайп-тайпана мероприятеш: яздархошца цхьаьанакхетарш, Iилманан-практически конференцеш.
Нохчийн пачхьалкхан университетан, хьехархойн институтан, училищан аудиторешкахь, школашкахь а хеза Iаьрбин стихаш. Цуьнан озехь хаало даймахкана, шен халкъана хьанал ваца цуьнан хилла боккха лаам, дуккха а дика гIуллакхаш дан цакхиарна кхерар:

Суьйренга лестина,
Сан шерийн йорта,
Дог, шек ма далалахь,
Хьалхе ду алий;
Йисинчу хьайн ханна
ГIоза далий,
ЙогIучу суьренан
Беркат а ларий,
Iуьйренна ца динарг
Дан кхиа гIорта,
Кхетаммий,
Безаммий
Хилийта шорта…

Iаьрбин «КIанте» цIе йолу стихотворени муьлххачу а дас шен кIанте дан мегар долу весет санна ю тахана а, иштта хир ю иза кхана а:

Варий, кIант! Нахаца
Тешам берг товш ву,
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна.
Стаг волчо во-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIиллакх ларделахь,
Вайн дайша санна!

Iаьрбин дахаран некъ хилла масал эца, весет санна тIелаца а хьакъ болуш. Цундела ву иза Поэт аьлла цIе яьккхича, дуьххьара дагабогIучийн могIарехь хьалха лаьтташ.
Дагестанехь дехаш долчу тхуна а, хьехархошна, журналисташна, дешархошна вуно пайденна ду, кху Музеехь хилар. Цундела х1ора шарахь Эду – хьаьжа волчохь хьошалг1ахь а хуьлу тхо. Хоразза шеен дех 1аьрбех дозаллица дуьйцу тхуна Эду – хьажас. Балхахь пайда а оьцу оха ишттачу цхьанакхетарех.
Эду – хьаьжас беш берг вуно мехалла болх а бу. Дала аьтто а бойла, т1аьхье беркате а хуьлийла ахь дечу мехаллечу г1улкхан.
Зорбане кечйинарг
Якиев Iумар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля