Нанойн Деза де

Россехь Ненан де хIора шарахь лахьанан беттан (ноябрь) тIаьххьарчу кIирандийнахь даздо. Иза шатайпа дезде ду массо а вай билгалдохучу деношна йукъахь. Ненал хьоме хIумма а дац вайн, цул уллера адам а ца хилла вайна вешан дахарехь. Дала иштта кхоьллина адам, цуьнан ненаца йолу уьйр къаьсттина чIогIа йолуш, адамна иза уллера а, хьоме а, йеза а йолуш. «Ялсамани ненан когаш кIелахь йу», – олу Iеламнаха, вайн Пайхамара Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ненан лакхара мах хадош хилар билгал а доккхуш.
Вайн пачхьалкхехь и дезде билгалдаккха долийна 1993-чу шарахь дуьйна. Генарчу Якутехь дуьххьара йукъадаьккхина иза деза де санна, «Ненан де» аьлла цIе а тиллина. Цул тIаьхьа кхечу регионашкахь а даздан долийна Ненан де. Цу дийнахь массара а наной декъалбо, царна совгIаташ ло, царна хазахетар хилийта хьовсу. Болчарна Везачу Дала дукхабахабойла уьш, могуш а, ирсе а болуш! Дуьнен чуьра дIабаханчарна Дала гечдойла! Цо Ялсаманин хьеший бойла царах!
Ненан сий деш, цо бохург деш, цунна халахетар долчу хIуманах ларлуш, ваха веза хIор а ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь. Ша генарчу махкахь хан йоккхуш велахь, ненан йухь-сибат а дицдина, цуьнца йолу уьйр-марзо а хадийна, шен ненан мотт а бицбина, стаг Iаш велахь, иза дакъазваьлла ву. Цкъа-делахь, эхарта дIакхелхича, Ялсамане даха дог дац цуьнан, хIунда аьлча Ялсамане ненан когаш кIел йу. ШолгIа-делахь, мел хьал а, таро а йолуш иза велахь а, ирсе хир вац иза. Шен нана а, къам а дIатеснарг хьанна оьшу?
Ткъе итт шо хьалха хила мегара иза. Вайн Нохчийчохь вехаш вара Мохьмад Вайсерт цIе йолуш цхьа Iеламстаг. Цуьнан схьавалар немцойх дара. Нохчийн къам санна, шаьш Iачуьра арабаьхна, Йуккъерчу Азе а, Сибрех а хьовсийнера немцой Сталинан Iедало. Казахстанехь нохчашца цхьаьна йуьрта нисбеллера ВайсертагIеран доьзал. Мохьмадан (цу хенахь немцойн йа оьрсийн цIе хилла цуьнан) нохчийн берашца, ловзуш, деша лелаш, уллера уьйраш тийсайелла. Цунна вуно сиха Iемина нохчийн мотт. Воккха а хилла, ша жима стаг волчу хенахь бусалба дин тIеэцна цо. ХIетахь дуьйна кIорггера дин Iамош, Къуръан доьшуш, Далла Iамал йеш ваьхна иза. Нохчий шайн Даймахка цIа бирзича, цаьрца схьавеана Мохьмад, вай долчохь вайн къомаца ваха а, цуьнан дика а, вон а декъа а.
90-чу шерашкахь вайн республикехь хийцамаш хила боьлча, кест-кеста хьехамаш бан телевидени кхойкхура Мохьмаде. Иза хIинцале массанхьа а маслаIатна кхойкхуш, нахана йукъахь барт беш, хьекъале а, оьзда а Iеламстаг санна вевзаш вара. Цкъа ша телевиденехь къамел деш, цо элира: «Ас дукха хIума дIалур дара, сайн нана дина а йолуш, “Ла илахIа иллаЛлахI, Мухьаммадан расулуллахI” ала схьахилийта». Эхартахь йолчу шен ненан ойла йора цу воккхачу стага, иза декъалхиллачарах хилийта лууш. Мел боккха деган лазам бара цуьнан дешнашкахь, мел чIогIа лаьара шен нана бусалба дин тIеэцна хилла хилийта.
Хьо мел воккха хилча а, хьайн нана дагахь ма лаьтта хьуна, цуьнан эсала хьайга хьажар, хьо жима волуш цо хьостучу хенахь цуьнан довха куьйгаш, хьан дагах кхеташ долу цуьнан уггаре а мерза дешнаш, цо хьуна тиллина цIе мел хаза йекара, дуьнен чохь уггаре а хаза мукъам хилла. Нана, вер вац хьан диканаш дийцина, хьо хесто цкъа а кIордор дац хьан кIантана!
Цхьа хан а йаьккхина, генарчу меттигера хьо цIа веача, уггаре а хьалха хьайн нана ган воьдура хьо. Иза хьуна дуьхьал йолура: «Марша ва хьо, сан диканиг, ма сагатдайти ахь хьайн нене!» Цуьнан бIаьргех хи долура, хьо могуш-маьрша цIа кхачарна йоккхайеш, хазахеташ довлу ненан бIаьрхиш дара уьш. Хьуна хаьара церан мах, кхузахь, ненан когашкахь охьа а хиъна, хьайн корта цуьнан кара а биллина, хьо Iаш, хьуна хаьара, мел дукхайеза иза хьайна, мел хьоме йу хьуна иза! Иза хьайна резахиларе сатесна вара хьо. Ткъа нана даима а йара хьуна резахила а, къинтIерайала а кийча. Уггаре а цунна чIогIа лууш дерг – хьо, шен хьоме бер, ирсе хилар, могуш хилар, паргIат хилар ду!
Наной гуттар а ларбан беза, царна халахетар дарх ларлуш, царна хазахетан дерг деш, хьайгара ледарло ца йолуьйтуш.
Нене болчу ларамах, ненан сий массо а даржал а, цIарал а лекха а, сийлахь а хиларх чIогIа дика дешнаш аьлла дуьнен чохь гIараваьллачу нохчийн спортсмено, охьатохарехула кхузза Олимпийски чемпион хIоьттинчу Сайтиев Бувайсара: «ЦIа а веана, сайн нанна уллехь Iаш, со эзарзза сов ирсе вара, Олимпийски васхалехь лаьттачул». Иштта хила беза йахь йолчу, оьздачу нохчийн кIентан шен нене лерам, иштта, Бувайсар санна, ненан сий деш ваха веза иза.
Вайн исторехь дукха масалш ду нохчийн наноша шайгара гIо оьшучарна массарна гIо дина, шайн хIума ца кхоийна, мискачарна уьш орцахбевлла. Иштта сийлахь цхьа нана йу вайн республикехь. Иза Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нана Кадырова Аймани Несиевна йу.
Берриге а махко лоруш, цунах «Мехкан нана» олий, цIе йоккху. Оьзда амал йолуш, нохчийн зудчуьнгахь хуьлу дерриге а хаза гIиллакхаш, коьмаршалла, къинхетам, адамах дог лазар шегахь долуш, мичча хенахь а нахана оьшучунна орцахйала кийча йолуш йу Мехкан нана Аймани. Хийла адамна, вайн къомах боцучарна а, ур-аттал генарчу Африкехь болчарна а тIехь, гIо дина цо. Цомгушниг дарбанна тIекхочуьйтуш, йоцчунна хIусам луш, мискачунна гIо деш, йуучуьнца, йухучу бедарца, дерриге а оьшучуьнца
кхачо йеш, нехан хьашташка хьожуш, кху дийне схьайеана сийдолу Аймани.
Нохчийн наноша массо а хенахь шайгара хьуьнарш гайтина, таханлерчу дийнахь а гойтуш, схьабогIуш а бу. Вайна ма-хаъара, Украинехь бечу тIамехь дакъалоцуш бу Нохчийчуьра дуккха а кегий нах. Царах къа ца хеташ, царна са ца гатдеш, Iаш ма бац нохчийн наной. Амма дайша-наноша, махкана оьшучохь шайн синош ма кхоаде, шайгара доьналла а гайта, шайн дайша ма-гайттара аьлла, кхиийина бу уьш. Цундела, шайна мел хала делахь а, кIентий, вежарий, цIийндай тIаме а хьовсийна, цара шайгара хьуьнарш гойтург хиларх тешна Iаш бу нохчийн йахь йолу наной, йижарий, зударий.
Вай даггара декъалбо нохчийн сийлахь наной, зударий Ненан дезачу денца! Ирсе а, беркате а дахар хуьлда церан! Могаш-маьрша бехийла уьш!

Арсанукаев Муса, йаздархо

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля