Бертахь дахар

Вайн махкахь дехачу х1ора а къоман шен 1адаташ а, ламасташ а ду. Нохчийн а, иштта вайца цхьана дехачу къаьмнийн а дуккха ду уьш. Дукха хьолахь бусулбанаш хиларе терра, динца цхьанадог1уш дерш къаьсттина дукха ду. Делахь, х1оранне шайн-шайн дерш а ду дукха. Муьлхха а стаг, цуьнан лелар-боларца а, 1ер-дахарца а билгалволу, муьлхачу къомах ву.
Хасавюрт г1алахь а, гуо баьккхина а дуккха халкъаш ду дехаш. Церан вовшашца йолу йукъаметтиг х1умма а вуон йац. Коьртачу декъана – вовшашка лерам бу. Ткъа иза, шен рог1ехь, дайшкара схьадеана гергарло, вовши цакъестор а ду. Х1ора а луларчу къоман орамашкара схьадог1уш долу 1адаташ: воккханиг ларар, хьаша-да т1елацар, доттаг1алла лелор иштта д1а кхин а.
Иштта беркате йукъаметтиг хилийта д1ахьош дуккха а белхаш ду. Коьртачу декъана оцу г1уллакх т1ехь жигара дакъалоцу 1едалан белхалоша, йукъараллин векалша, хьехархоша, спортхоша, иштта, цхьамогг1а бахархоша. Цунна лерина цхьанакхетарш кегийрхошца а, дешархошца а д1ахьо. Х1унда аьлча, къоман 1адаташ, ламасташ, дайшкара схьадеана хаза г1иллакх т1екхуьучу чкъоранна дика ца девза. Жимчохь дуьйна уьш нийсачу новкъа ца бахахь, йог1учу ханна царах къомана зулам хила тарло. Вай уьш кхоччуш ца 1амохь, оцу г1уллакхна сихо йан кечбелла 1аш зуламдай бу, къам а, дин а дохор шайн коьрта Iалашо а йолуш. Цара дешдолу зуламаш дуьне ма-дду гуш а ду вайна. Дукха хьолахь, иштта гуламашкахь дийцаре дийриг – иза т1екхуьу чкъор кхетош-кхиор, къаьмнийн оьздалла, спортехула болу къийсамех хуьлуш болу пайда, бусулба динан нийса некъ бовзийтар иштта д1а кхин а.
Вайн 1еламнаха шайн хьехамашкахь сих-сиха билагалдоккхуш хеза вайна – Дала дуккха а къаьмнаш кхоьллина, уьш вовшашца бертахь хилийта 1алашо йолуш. Нагахь санна вай цаьрга ладог1ахь, доккха маь1на долуш дешнаш ду уьш. Х1унда аьлча, халкъийн марзо – иза беркате йукъаметтиг а, тешаме уьйр а, иштта, кхин цхьана х1уманца хийца йиш йоцу машар а бу. Цундела, дас-нанас жимчохь дуьйна бер 1амо деза кхин долучу къаьмнийн векалшца бертахь хила. Дала ма-эшойла къаьмнийн йукъахь машар!
БАЙМУРАДОВ Мовсар
Авторан сурт

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля