ЛЕКСИКОЛОГИН МАЬIНА Меттан дерриге а дешнех лексика олу. Ткъа лексика Iа-мочу Iилманах лексикологи олу. Меттан дерриге а дешнаш а, церан кхиар а, меттан дешнийн коьрта хазна а, цуьнан кхиар а лексикологехь Iамадо. Нохчийн меттан лексика исбаьхьа а, хьалдолуш а ю. Дуьненчохь гIарабевлла хилла болчу оьрсийн сийлахь-баккхийчу Iилманчаша лерина нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу...
