Конституцин де

Т1едог1учу к1иран шинара дийнахь вайн махкахь билгалдоккхуш ду йерриге пачхьалкхан даздаран де – Конституцин де. Россин коьрта Закон т1еэцна 1993-чу шеран г1уран беттан шийтталг1ачохь. Оцу дийнахь Россехь бехаш болучу бахархошех дукхах болучара дерриге халкъийн харжамашкахь оцу документана шаьшша реза хилар билгалдаьккхира. Ткъа нийсса цхьа шо даьлча, 1994-чу шеран г1уран беттан шийтталг1ачохь дуьххьара даздаран хьолехь д1аьдаьхьра Пачхьалкхан коьртачу Законана лерина долу де. Оцу хенахь дуьйна, ца хеддаш, х1ора шарахь даздо и. Шуьйра билгалдоккху Пачхьалкхан куьйгаллера схьа массо а 1едалан туьшашкахь. Оцу г1уллакхехь, дукха хьолахь, жигара дакъалоцу федеральни министерстваш а, кхин йолчу ведомтсваш а, иштта региональни а, муниципальни а 1едалан векалша а. Ткъа цунна лерина мероприятеш д1ахьош белхаш до Оьздаллин ц1ийнан белхалоша а, йукъараллин организацеша а, рог1ера бахархоша а. Коьртачу декъана, оцу денна лерина даздарш д1адоло Россин гимн лакхарца, байракх айарца.
Тахана вайн Конституцис граждански а, бакъонийн а йукъаралла кхоллараллехь коьрта дакъа лоцу. Цуьнца цхьана дог1уш, вайн пачхьалкхехь дехачу массо а къаьмнийн цхьатерра бакъонаш йу.
Цул совнаха, х1оранна бакъо йу шен мотт бийца, иштта, дин а, оьздалла а, 1адаташ лелада. Ткъа къаьмнаш, вайна ма-хаъара, цхьа б1е сов ду Россехь. Кхуззахь билгалдаккха лаьа, вай дехаш долу Дагестан республика, йерриге пачхьалкхехь шена чохь уггар дукха, тайп-тайпана халкъаш дехаш регион хилар. Иза вайн массеран а бахам а, дозалла а ду. Де-дийне мел долу вайн барт а бу ч1аг1луш. Бакъду, цхьацца долу нийса цакхетарш а хуьлу. Делахь а, иштта дериг т1е1отта делча, орамехь духатуху иза.
Хьоме махкахой! Даима а хуьлийла вайн дахар тахана санна маьрша. Гуттаренна а кханалерчу дийнах тешам болуш, мерза уьйраш йолуш, бертахь дехийла вай.

БАЙМУРАДОВ Мовсар
Авторан сурт

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля