Кху деношкахь Устрада-Г1алахь Нохчийн халкъан поэт Дакаев Саь1идбек дагалоцуш мероприяти д1айаьхьира. Вайн махкахь д1ахьучу Нохчийн меттан Шарна леринчу балхана т1ейоьг1на йара и. Цхьанакхетар д1адаьхьира лоьмар 3 йолчу ишколехь. Кхузахь шен хенахь дешнера г1аравьллачу поэто. Бераша дагахь д1айийшира Дакаевн байташ. Сцени т1ера дийкира поэтан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а. Кегийчу бераша ч1ог1а дагах кхеташ д1алекхира нашид...
