Газете йаздаларах лаьцна

Хууш ма-хиллара, шо чекхдала герга дахна – нийсса цхьа бутт бен хан йац йисинарг. Х1ора шо д1а мел долу халчу долуш лаьтта газет арахецарца долу хьал. Х1унда аьлча, иза дезаш а, доьшуш а берш к1еззиг хуьлуш бу. Шайн жималлехь дуьйна газет йа киншка йеша марзбеллачеран хьесап, дукхалла лахлуш дацахь а, газетан тираж шо-шаре мел долу оьшуш ю. Уьш, дукха хьолахь, Советийн 1едал долучу заманчохь дуьненчу бевлларш бу. Х1инццалца схьа а цара жигара дакъалоцуш дара х1ара йаздарехь. Ткъа х1инцалера чкъор-м, халахеташ делахь а, дешарца бала болуш а ма дац. Газет-м дуьйцур а дацара, х1ора дийнахь ишколехь хьоьхуш дериг а дац т1елоцуш.
Т1едог1учу шарна газет йаздаран мур бу д1ахьош. Карара хан йу вайн махкахоша х1окху балха т1ехь жигара дакъа лаца дезаш йериг. Цхьана аг1ор-м, ишттала чолхе а дац хьал. Х1унда аьлча, почтехула, йа вайн балха а бог1уш, газет йаздеш болу нах болуш бу. Бакъду, дукха хьолахь баккхий нах бу уьш. Царах цхьа а вац хьекъална иэшна лелаш. Цара гойтуриг – иза вайн мохк а, нохчийн къам а, мотт а, дайша лелийна 1адаташ а, ламасташ а, къоман истори а, оьздалла а дукха йезаш а, сий деш а хилар ду. Амма халахеташ дерг – цхьаццаболчу кегирхойн вайн къомаца бала ца кхачар ду.
Иэс-кхетам болчара сих-сиха олуш-дуьйцуш хеза вайна – «Нийсо» бен дац вайн махкахь нохчийн къоман лазамаш буьйцуш газет. Ткъа дуй-те иза кхоччуш доьшуш вайн къоман вежарша а, йижарша а? Шуна х1ун аьлла хета, йерриге тираж шиъ эзар сов экземпляр бен ца хилча? Терахь-м ч1ог1а лахара ду. Ма-дарра аьлча, ши б1е эзар гергга нохчийн мотт буьйцуш бахархоша йаздеш шиъ эзар бен газет ца хилча, суна иза чолхе хьал хета. Амма, бакъду, со нийса ца кхеташ хьал хила а тарло х1ара. Аса йаздийриг-м сайна хетарг бен ма даций.
Бакъду, х1ара сан кхайкхам газетаца а, иштта вайн къомаца а бала боцучаьрга бу. Ткъа шу, хьоме газетдешархой, 1990-чу шарахь дуьйна тхан нийса накъостий а хилла схьадог1уш дуй хаьа суна. Х1етте, аша д1акхачор дацар-те аьлла, дог дохуш йазйо аса х1ара материал. Массо а ханна шу дезаш а, лоруш а, иштта, аша жигара дакъа лоцур хиларна тешаш а ву со.
Хьоме вежарий, йижарий! Дела реза хуьлийла шуна соьх нийса кхетарна!

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля