Дуьненаюкъара заь1апхойн де ООН-н Генеральни Ассамблейс кхайкхина 1992-чу шеран 12-чу октябрехь. Х1ора шарахь и де билгалдоккху 3-чу декабрехь. Цуьнца доьзна Ассамблейс ООН-н декъашхошка – пачхьалкхашка кхайкхам бина, оцу дийнахь заь1апхой юкъараллин дахарна юкъаозорехьа мероприятиш д1аяхьар т1едуьллуш. И де билгалдоккхуш цигахь дакъалоцу правительствийн, правительственни йоцчу организацийн, векалша а, мог1арерчу адамаша а.
Халахеташ делахь а, юкъараллин дахарна юкъара д1абаьхна хуьлу, дукха хьолахь, заь1апхой. Масала, тайп-тайпана дуьхьалонаш йо физически а, социальни а декъехь. Вуьшта ша юкъараллина а зе до оцу г1уллакхо.
ООН, ша г1уллакх дечу муьрехь, даим а хилла заь1апхойн дахаран хьелаш тодарехьа. Иштта, 1971-чу шарахь ООН-н Генеральни Ассамблейс т1еэцна хьекъална т1аьхьабисинчу нехан бакъонийн хьокъехь йолу Деклараци. Оцу дерригено а таро хилийтина заь1апхошна цхьанисса йолу таронаш кхолларехь йолу стандартни бакъонаш т1еэца.
Халахеташ делахь а, заь1апхойн терахь алсамдолуш ду дуьненахь. Иза коьртачу декъана доьзна ду хронически цамгарш – диабет, дега-пхенийн а, иштта кхийолу а цамгарш алсамйийларца.
Россин къинхьегаман а, социальни ларбаран а министерствон департаментан хаамашца вайн махкахь таханлерчу денна заь1апхо ларалуш ву 13 миллион гергга стаг. Царна юкъахь 725 эзар гергга — бераш-заь1апхой.
2011-чу шарахь дуьйна т1еэцна болх беш ю Россехь заь1апхошна къахьега таронаш кхолларалехула йолу программа. Цуьнца цхьана а дог1уш, х1ора шарахь алсамйохуш ю царна лерина белхан меттигаш.
Ма-дарра аьлча, массанхьа а д1абаьхьна заь1апхойн г1айг1абаран, царна т1ехь 1уналла даран болх.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ