Мамакаев Шамсуддин к1ант 1арби вина 1918 шеран 2-чу декабрехь Лаха-Неврехь. Серноводскерчу берийн ц1ийнехь дешначул т1аьхьа 1934-чу шарахь 1арбис доьшу литературин белхалойн курсашкахь. 1936-чу шарахь чекхйоккху Грознера рабфак, 1938-чу шарахь – драматургийн курсаш. 1940-чу шерашка кхаччалц болчу Мамакаевн кхоллараллин хьалхарчу муьран коьрта башхалла лара йог1у оцу шерашкахь поэт, литературин теорин къайленашка кхийдаш, къоман фольклоран, эстетикин башхаллаш...
