Турпалхойн Денна лерина

Турпалхойн Де аьлла, Россин Пачхьал — кхан Думас 2007-чу шеран 9-чу декабрехь денна лерина, шех ламаст хилла,даздар х1ора шарахь д1ахьуш.

Иштта, оцу дезчу Денна лерина даздар д1адаьхьира Дагестан Республикин Хасавюрт г1алин Мичурин ц1арахчу поселкера лоьмар 11 йолчу ишколехь.
И даздар лаккхарчу тег1анехь вовшахтоьхна, кхочушдира 4-5-чу классийн куьйгалхоша шайн тоьллачу дешархошца исбаьхьа кечйинчу актови залехь, коьртаьхь директоран заместитал Мухтарова Бурлият а йолуш.
Оцу цхьаьнакхетаре кхайкхина бара СВО-н -дакъалацархой: Мисирхаджиев Асхьаб, лор, Ахмедов Юсуп, Султаханов Адлан, Мисирхаджиев Адильхан.
Асхьаба ма-дарра довзийтира дешархошна шаьш цигахь дешдолу г1уллакхаш, дийцира т1екхуьучу т1аьхьенна х1ора а шен Даймохк беза а, ларбан а кийча, б1ахо хила везарх, иза х1оранна а сийлахь, деза, доккха декхар хиларх а.
Цо шен а, шен накъостийн а ц1арах доккха баркалла элира хьехархошна а, дешархошна а шаьш Турпалхочун Дийне кхайкхарна, къоначу артисташа а, хьехархоша а кечдина совг1ат сценин исбаьхьаллин говзаллица гайтарна а.
Бурлият Мухтаровнас цхьаьнакхетар дерзош, ишколан администрацин а, хьехархойн а, дешархойн а ц1арх даггара баркалла элира даздаре баьхкинчу кху ишколан выпускникаш болчу б1аьхошна а, программа дика кечйина б1аьхошна и гайтарна 4-5-чуй классийн куьйгалхошна а, дешархошна а.

                                     
Зайнулабидов Халид. АЛИЕВА Заирин суьрташ