Дала гечдойла хьуна, тхан бусулба ваша МутIелип!

1939-чу шеран бекарг беттан 23-дийнахь Валаргт1ехь бехачу нохчийн доьзалехь дуьненчу ваьлла вара РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев Мут1елип. Нохчийн халкъ къинхетамза махках даккхаран 1азап текхна вара иза. Амма шогачу дахаран халонашна ца къарлуш, йуккъера школа чекхйаьккхинера генарчу Казахстанан Кустанайхь. Т1аккха дешнера Ленинградерачу театральни институтехь. 1962-чу шарахь театральни институт чекхйаьккхина ц1абирзира вайн кегийрхой.
В. Шекспиран пьеси т1ехь х1оттийна «Ромео и Джульетта» йара церан дипломни спектакль. Цу чолхечу спектаклехь воккхачу стеган Лоренцон васт кхуллуш хилла 23 шо кхаьчна Давлетмирзаев Мут1елип. Актеран 27 шо дара 1965-чу шеран х1утосург беттан 1-чу дийнахь «Бож-1ела» спектаклан премьерехь иза дуьххьара сцени т1е волуш. Хилла дера пох1мечу актеран репертуарехь 1аламат дуккха а кхин йолу ролаш а: Кориолан, Ричард-3, Леонардо, Ленин, Михаил Яровой, Печорин, Мекхаш-Мирза, иштта дуккха кхин йерш а. Делахь а, къеггина басарш ца кхоош, ша кхоьллина хилла Бож-1елин васт тесна ца дуьтуш, 60 шарахь довзийтира цо халкъана, махкана, дуьненна а.

Дала гечдойла Мут1елипана. Вуьззина нохчийн к1ант вара и. Дала декъалвойла Мут1елип! Йалсамане х1усаме кхачавойла и!
Дагестанерчу нохчийн ц1арах кадамбо цуьнан гергарчу нахе. Бисинчаьрна ийманца собар, йал а лолда Дала.

Ларамца Аухера Iумар