Хьоме махкахой – йижарий, вежарий! Кху шеран августан 2-чохь ткъе шуьйтта шо кхочуш ду вайн газет кхоьллина. Йаьлларг дукха хан йацахь а, шен исторехь дуккха а тамашена белхаш гина кхунна. 1990-чу шарахь кхоьллина долу газет, шен болх ца-хаддош схьадог1у муьлхха а халонаш т1е1иттайаларах: Советски Союз йохар, лулара Нохчийчохь т1ом балар, мосазза экономически кризисаш хилар иштта...

