Россин Федерацин а, Дагестанан Республикин а пачхьалкхан совг1аташ д1адаларан гулам д1абаьхьира Доттаг1аллин ц1ийнехь Керла шо т1едог1уш. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс совг1аташ делира сийлахьчу лоьрашна а, т1еман белхахошна а, 1илманчашна а, кхетош-кхиоран белхахошна а, артисташна а, журналисташна а, дуккха а кхечу нахана а. Мероприяти схьайоьллуш Меликов Сергейс баркалла элира дагестанхошна, цара махкана а, республикина...








