Адамаллех хада йиш йац вайн

ХIуманан дукхалла шорталле ялахь, –
Iедал ду – цуьнан мах уьттаза байло.
Ма тамаш бу-кха и? – цецваьлла валац:
ГIиллакх мел хили – цуьнан мах базло!

XIopа заманан шен-шен ю мехаллаш.
Адамийн а ю.
Цхьайолу мехаллаш иэшарца, лерарца ларйо, кхиайо, ткъа вуьйш, цаэшаре терра, йицйой юьту. Амма гIиллакхан сий адамийн дегнашкахь кхиор бен, лах ца долуьйту.
Замано шерех мел боккха уьйриг барх, гIиллакхе иэшам, лерам дIабер бац. Адамна, иза муьлххачу чкъурах делахь а, даима лиънарг а, лууш дерг а цхьаъ ду: шегахь дацахь а, кхечаьргахь гIиллакх хуьлийла.
Вайх xIopa а дика-вонехь ярташкахь, гIаланашкахь хуьлу. Цигахь вайна гуш долу сурт хIумма а дог даккхийдедеш хилац.
Къаьсттина гIаланашкахь кхиъначу а, кхуьучу а чкъурана, бевзачу а, цабевзачу а кегийрхошна юкъахь, уьш шайн-шайн доьзалшкахь, тайпанашкахь, кхечу нахана юкъахь, цаьрца уьйраш а лелош кхиънашшехь, гIиллакх, яхь, эхь, ийман, адамалла, сий лардан ца хууш берш гича, дагадогIу: «ХIунда дIайохуьйту-те хан эрна доьзалшкахь, берийн бошмашкахь, школашкахь, кхечу дешаран а, оьздангаллин а тайп-тайпанчу учрежденешкахь, царна адамаллин амалш муха хила еза ца хьоьхуш, царна гIo ца деш хазачу гIиллакхечу новкъа бовла а, цу новкъахула дIабаха а?»
ГIиллакхах – делахь хIета, адамаллех хада йиш ма яц вайн!
Адамалла а, гIиллакх а – и дешнаш цхьа маьIна лелош ду, аьлча а стагана цу шиннах цхьаъ тIе ца тоахь, иза вай лара Iеминчу хьесапехь адам дац. ГIиллакх ма ду адам акхаройх, хьайбанех, зуламечу кураллах къастош долу Iаламат, аьлча а адаман цIе лело хьакъ хилар ша бахьанехь гучудолу амат.
Лааме мел кхаьчна стаг, оцуьнга ца кхаьчна гIиллакх бахьанехь бен, иштта лааме ца кхочуш висинарг а висина вац гIиллакх дIатасар бахьанехь бен. Шаьш ойла а е, гонаха болчаьрга а хьовса, иштта ду иза я дац алий.
ГIиллакх ду адамех мел дуьйлучу (ша бахьанехь) гIалатех ларвала хууш долу хIума.
ГIиллакх – уггаре еза, уггаре хьоме, уггаре мехала хазна ю, цхьа а тайпа хало ца ловш, маьхза хIоранна кхочург. Ша лардинарг ч1ог1а лакхавоккхург, ша ларамаза дитинарг лазаме вожош ницкъ бу иза. Оцу декъехь доккха жоьпалла тIедужу, дай-наношна санна, хьехархошна а. Царна тIехь ду и гIиллакхаш дешархошна довзийтар а, лардар а, хьехар а. Цул сов, вайн дегIаца, духарца, леларца, доцца аьлча, вайн сих-тIамарх доьлла хила деза гIиллаккхий, эхь-ийманний.
Юкъараллехь гIиллакх уггаре чIогIа лардан дезачех верг хьехархо ву.
Цуьнгахь хила деза гIиллакхаш хIорш ду: шех дешархой, иштта муьлхха а кхин нах дагабевлча, церан хеттарш къобалдина тIеэцар; эсала, собаре хилар; адамашца хаза, тийна охьахаар; массаьрца догцIена хилар; курачу зуламхошна, харц, галдаьлла хIума лелош болчарна хьалха корта охьа цатаIор; адамаш гулделлачохь куралла ца еш Iap; акха ишар-забар, эрна калима доцург хилар; дешархочуьнца, иштта цунна цхьа-цхьаъ хьехарехь кьинхетаме хилар; хаар доцчун цахаар, цуьнан хIуманах цакхетар Iopa ца доккхуш дитар; Iилманехь корматалла йоцчунна гIодар, иза нисвар, цунна дика дар; ишттачунна везавер, деза калима цахилийтар.
“Суна цкъа хаац”, “Дагахь дац”, – ала, куралла ца еш, иштта аларца, кхано хаттарна жоп а лехна, дIаалар; хаьттинчун а, хаттар динчун а даггара тидамбар, ладогIар, цуьнан хаттарх нийса кхета хьажар; вистхуьлучух нийса кхетар, цунна хетарг къобалдар, нийсаниг, хьаъа алахь а, духа ца тухуш ладогIар; хьакъдолчу (бух болчу) хIуманна тIаьхьа вазар, цхьана хIуманна тIехь галвалахь, къевллина иза схьалаьцна а ца Iаш, нийсонна тIаьхьа вазар, хьаъа аьллехь а; дешархо зенах-зуламах ларвар; дуьйцург а, лелориг а цхьаъ хилийтар, кхечаьрга шен амалех а, дешнех а пайда эцийтархьама.

ШАЙХИЕВ Iалвади

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля