Марзо, гIийбат

 

Марзо. Лекха хилла волчу АллахӀа Ша цхьаъ веш, Ша дин кхайкхо ваийтина Шен Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъ веш волчу бусулба стагана тӀедиллина уьйрашца, марзонашца, гергарчаьрца, лулахошца гӀиллакхе, оьзда, лараме, тешаме хилар.
Пайхамара боху (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръана чохь боху АллахӀана Ӏибадат де, Цуьнца накъост ма лаца, дена-нанна дика хила, къинхетаме, гӀиллакхе, тешаме хила гергарчаьрца а, гӀийлачаьрца а, мискачаьрца а, буоберашца а, гергара боцчу (хийрачу) лулахошца а, арахьарчу накъосташца а (хьоьца цхьаьна болх беш я доьшуш болу), некъан накъосташца а (вогӀуш-воьдуш кхетта) шаьш доладочаьрца а (куьйга кӀел болчу)» (Сура: нисса 136).
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь ду: «Жабраил Малийко (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) весет дора соьга лулахочуьнца дика хилалахь бохуш, суна мотталц (Жабраило и лулахой дукха буьйцу) лулахочо ирс оьцур ду-кх аьлла. Ирс — стаг велча, гергарчарна дӀасабоькъуш болу цуьнан бахам бу». Кхечу хьадисехь боху Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Ша АллахӀана има диллина, къематде тӀедаллалц има диллина хилла волу бусулба стаг шен лулахочуьнца дика хуьлийла, шен лулахочунна зулам, зиэ ма Дойла, шен хьешан лерам бойла» (Бухари, Муслим). Дуккха а ду лулахошца лераме, дика хилар а, царна зиэ-зулам цадар а хьоьху Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш.
АллахӀа, важиб дина, бусулба нахана тӀедиллина ду вовшашка лерам хилар, вовшашца мерза, гӀиллакхе, оьзда хилар, вовшийн сий-пусар дар, вовшашна зулам цадар а. АллахӀа шен сийлахьчу Къуръана чохь боху: «Баккъалла а бусулба нах вежарий бу, шайна юкъахь машар беш (нагахь вас хилла, дов хилла хӀума делахь)». (Хьажарат: 10).
ХӀокху аято вайна гойту бусулба нах вежарий, йижарий хилла, вовшашца хьагӀ, гамо, вас, мостагӀалла доцуш, бертахь, машаре, вовшашна къинтӀера бовлуш а, вовшашца къинхетаме болуш а баха декхарийлахь хилар. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Бусулба стаг, бусулба стеган ваша ву, цо цунна зулам дийр дац (шен бусулба вешина), иза цунна ямарт хир вац. Шен бусулба вешина накъосталла хьашт хилча, цунна гӀо дина волчунна АллахӀа гӀо дийр ду. Шен бусулба вешина язъеллачохь цунна тӀера гӀайгӀа дӀаайина волчун гӀайгӀа АллахӀа дӀаойур ю къематдийнахь. Шен бусулба вешин къа (ледарло) къайла-даьхьначун къинош АллахӀа къайлахьур ду къематдийнахь». (Бухари, Муслим) Иштта кхечу хьадисехь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху: «Бусулба стаг, бусулба стеган ваша ву, шен бусулба вешина тешнабехк бийр бац цо, цунна харц дерг дуьйцур дац цо, гӀо эшначу меттехь гӀо доцуш вуьтур вац цо шен бусулба ваша. Бусулба стагана деза ду бусулба стеган сий, бусулба стагана хьарам ду бусулба стеган даьхни (бахам), хьарам ду цуьнан цӀий».
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) девешин кӀанта ӀабдуллахӀ бин Ӏаббаса аьлла: «Цхьана бусулба стеган юьхь ца йохо (дог ца дохо) ворхӀаззаХьаьжцӀа дохор дара ша. Далла гергахь веза ву бусулба стаг, вовшашца лерам хила беза бусулба нехан, вовшашца гӀиллакх хила деза, оьшучу меттехь вовшийн гӀо деш, вовшашна накъосталла деш дӀахӀитта а беза, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ма-аллара, бусулба нах цхьа дегӀ санна хила беза, цхьа меже лаза яьлча, дерриг дегӀ лаза долу. Иштта, цхьанна бохам хилча, массарна кхача беза и бохам, оцу бохаман дакъалаца деза массара».
ГӀийбат. Вайн заманахь адамашна юкъахь чӀогӀа даьржина вовшийн гӀийбат дар, вовшийн сакхташ лехар, вовшийн ледарлонаш йийцар, цунах синтем а хуьлуш. Вайна кӀезиг хӀума хетахь а, АллахӀана гергахь доккха къа ду гӀийбат дар. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шуна хаий гӀийбат хӀун ду?» (Цо иза хаьттина шен асхьабашка). Асхьабаша аьлла: «АллахӀ а, Цуьнан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тӀехдика хууш ву». ТӀаккха Пайхамара ((Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь ахьа хьайн бусулба вешех долу цунна ца деза хӀума цунна тӀаьхьашха вуонна дийцахь, иза гӀийбат ду шуна». ТӀаккха Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттина: «Нагахь санна цунна ца дезаш долу и ледара хӀума цуьнгахь делахь?» ТӀаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь цуьнгахъ дерг ахьа дийцахь, гӀийбат динарг ву хьо, нагахь цуьнгахь дацахь ахьа дуьйцарг, бухӀтон (стагана доцург кхоллар) динарг ву хьо». (Муслим).
АллахӀа шен сийлахь долчу Къуръана чохь аьлла: «ХӀай АллахӀах тешаш болу нах! Шу дукха гена хила шайна хеташ, шайна моьттуш долчу хӀуманна. Баккъала, цхьадолу шуна моьттуш долу хӀума, шайна къа хилла карор ду шуна: аша нехан сакхташ ма леха, шу вовшашна тӀаьхьашха ма ле. Шуна луур дарий шайн веллачу вешин жижиг даа? Шуна луур дацара иза. АллахӀах кхоьрийла шу». (Хьажарат: 12)
Элчано аьлла: «Шен бусулба вешина тӀаьхьашха лерах (гӀийбат дарх) цхьаъ сацийнарг, АллахӀа къематдийнахь цуьнан юьхьа тӀе ца кхочуьйтуш сацор ю жоьжа-хатин цӀе». Вайна дуй а ца хууш, оццул доккха къа хилла гӀийбат дар. Пайхамара (с.Ӏ.с.) аьлла: «ГӀийбат дар нахаца леларал а доккха къа ду Далла гергахь». Нахаца лелча, хьан дохковаларе хьаьжжина, гечдан там бу хьуна Дала. Амма ахьа гӀийбат дича, Делера гечдар а, ахьа шен цӀарах гӀийбат динарг къинтӀера ваккхар а оьшу хьуна. Нагахь цунна ницкъ ца кхачахь, доккха къа латийначех ву хьо. Дала лардойла вай цу тӀехь галдовларх!
Баккъалла а гӀийбат дина волу стаг кхераме ву АллахӀ Далла гергахь. Ахьа, цхьа хӀума тарделла, цхьана Делан лайх лаьцна, и мел дукха къинош долуш велахь а, дерг я доцург дуьйцуш, емал, сийсаза вахь, доккха къа латадо. Пайхамаран хьади-саша кхетадо гӀийбат деш волчо ша вуьйцучун мел долу къинош шена тӀелоцуш, иза къинойх цӀанвеш хилар.
ӀабдуллахӀан кӀанта Жабира (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Тхо дара Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуълда цунна) цхьана мажлисехь Ӏаш. Цу хенахь цхьанхьара схьакхийтира яхкаеллачу хӀуманан хьожа. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «ХӀара хӀун хьожа ю хаьий шуна? ХӀара хьожа бусулба нахана тӀаьхьашха луьйш болчийн ю». (Ахьмад) Кхузахь юкъадала тарло иштта хаттар: Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу хенахь гӀийбат диначух, яхкаеллачу хӀуманна хьожа йогӀуш хилла. ХӀинца хӀунда ца йогӀу и хьожа? Цунна иштта жоп делла Ӏеламнаха: «ХӀокху заман чохь гӀийбат деш берш дукха хиларна, чӀогӀа яьржина, адамийн марош оцу хьожанах дузар бахьана долуш, кӀезиг бу и хьожа тергалйийраш». Лакхахь далийначу аятехь Дала и гӀийбат дар тардина велла Ӏуьллуш волчу бусулба стеган дегӀа т1ера жижиг даарх. Мел вуон, мел ирча х1ума хуьлу и т1аккха. Цуьнга терра хир ма ду Аллах1ера г1ийбат дарна долу та1зар а. Дала 1алашдойла вай г1ийбат даран даккхийчу къинойх!
«Дахаран 1илма»

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля