Сан доттагIаллин юкъаметтиг йолуш вара Зайнади…

Хьоме махкахой! Сан деган доттаг1ий! Гергара нах!
Редакцехь болу болх кхоллараллин хилла ца 1аш, вуно мехалла а бу, х1унда аьлча, х1ора денна бохург санна, керла адамаш довзар, церан хьал–бала хаар, цаьрна г1о-накъосталла дан лаар мелхо алссам хуьлу тхан, журналистийн. Тхоьх дозуш долу г1уллакх кхиамца чекхдаьлча, бакъдолуш, дагна там а хуьлу. Иштта бу-кх тхан творчески тобанан болх. Халахеташ делахь а, массо а вац тхоьх кхеташ. Иза а дуьтур вай ишттачеран эхьана… Замано дерриге луьстур ду. Х1ораммо лелийначунна хьакъ болу мах а хадор бу…
Ткъе иттех шо ду Дагестанехь нохчийн маттахь вайн къоман «Нийсо» газета арадолуш долу. Халахеташ делахь а, дукхах болу тхан белхан накъостий тахана боцуш бу, шу марша. Х1етте уьш тхан иэсехь бу, царех х1ораннах ала дика дош а ду сан. Шун тидаме дуьллу ас Медигов 1аьлмирзас Аблиев Зайндех дуьйцуш йаздина долу кехат.
Зайнди вайн газетан коьрта редактор вара. Нохчийчуьра схьа а вог1уш, тхоьца хьанал къахьоьгуш вара тхан дика накъост, корматталла йолуш волу журналист, догц1ена 1аьлмирза. Тахана воцуш ву иза а.
Карарчу шарахь вайн гезатан юбилей йу. Цунна лерина кечйеш публикацеш йу сан. Къомана, халкъана, махкана бевзаш хила беза хьанал къахьоьгуш хилла болу журналисташ, патриоташ, дика адамаш. Вайн редакцех ишттаниш бен болх беш бан а бацара. Цундела сайн декхар лору ас царах х1ораннах а хьакъ дош алар, уьш биц ца беш, шуьга бовзийтар.
Ахча-бохча, хьал–бахам ца лоьхуш, кху 1едало луш долчу г1ийлачу алапанах тоам а беш, шаьш къоман патриоташ хиларе терра, хьанал къахьегна бакъ дуьнене бирзина нах бу уьш. Уьш бицбан бакъо йац вайн! Дала декъалбойла уьш!
Аьтто баьллачуьра шу дерриге а, сайн белхан накъостий а даггара декъалбо ас Раджаб бутт болабаларца а, Керла шо т1едарца а. Могашалла, ирс-аьтто болуш дахар хуьлийла вайн массеран а!
Ларамца Овхойн Махкара 1умар,
«Нийсо» газетан коьрта редактор,
Дагестан Республикан хьакъволу журналист

 

Дахаро лар йуьту адам довзарехь. Къаьстина хан еъча а диц ца ло уллора девзаш хиллачу адаман амалех дерг. Дикаллица къаьсташ хиллехь-м цкъа а шир ца ло девзинчу адаман гIиллакхаш, цуьнан тамехь амалш. Къаьсттина карладовлу цуьнан амалшкахь хилларш и тайпа адам дуьненчуьра дIакхелхича. Иштта нисделира сан кхолламехь а кху карарчу шарахь.
Дахарера дIаваха вевзаш волу журналист, Дагестанерчу Хасавюрт гIалахь нохчийн, оьрсийн меттанашкахь арадолучу «Нийсо» цIе йолчу газетан коьрта редактор Аблиев Зайнади. Суна уллора вевзаш, сан доттагIаллин юкъаметтиг йолуш стаг вара иза (Дала гечдойла цунна).
Суна иза вовзар 1997-чу шарахь, ларамаза нисделира. Цул тIаьхьа кхоччуш цхьа шо хан а ялале соьга доцца яздина кехат даийтира Зайнадис, со ша волчу редакце балха кхойкхуш. ХIетахь оцу газетан цIе «Халкъан аз» яра. ДагадогIу, 1998-чу шеран март беттан шолгIачу эхехь дара и. Iуьйранна. Кхоьссина тIедогIуш шийла догIа а долуш. Хетарехь, 10 сахьт долучу хенахь редакторан белхан кабинета чу кхечира со.
Чохь цхьа а воцуш, ша цхьаъ карийра суна иза белхан меттехь. Велавелла дуьхьал а волуш, мараиккхира суна Зайнади. Оццу дийнахь балха дIаволавелира со «Халкъан аз» цIе йолуш хиллачу газетан редакцехь. Юьхьанца корреспондент волуш, тIаьхьо отделан редактор хIоттийра со.
Зорбане йевллачу сан материалашна реза хилира редактор. Нохчийчуьра веана волчу сан шатайпа лерам бора цо хIора а дийнахь, кест-кестта хоттура, дагаволура соьца. Делкъа хенахь шеца юург яа шен кабинета чу а кхойкхура со. Геланча санна, сан белхан кабинета чу а йогIий, секретарша йолчу Бибулатова Iайнаа: «Хьоьга Зайнадис ша волчу чувола боху», — олура.
ЧIогIа мегаш, оьзда йоI яра Iайнаъ. Хетарехь, тахана а оцу газетан редакцехь балхахь йу иза. Со веза хьаша лоруш вара Аблиев Зайнади. Со луларчу республикера веана хиларна, даима а суна хетачуьнга ладогIа лууш, суна цатам болу хIума нисдаларна кхоьруш, даима а ладоьгIна Iаш хуьлура иза.
Оцу газетан лерам беш бара нохчий, цу газете йазлуш бара цигара вайнах хIора а шарахь. Нохчийн маттахь йаздан луурш хаалора. Царех вара хIинца дахарехь боцу: Пантиев Абусупян (Дала гечдойла цунна), Адилханов Адильгирей, Минбулатов Асрадди, (шу марша) Ирзаханова Займан, Татаева Хьурмат цхьамогIа кхиберш а. Оцу газете церан безам кхоьллинарг вара Аблиев Зайнади хьалхарчу дийнахь дуьйна. Бертахь коллектив йара цо вовшахтоьхнарг.
Суна дагахь лаьтта редакцин белхахой: Якиев Iумар, Соипов Iилмадди, Бибулатова Iайнаъ, фамилеш дага ца йогIу суна цхьаболчеран цIерашший бен, Олег, Iайшат, Хедижат. Салвади — иштта цIерш йолуш бара сан накъостий.
Дашца кIоршаме воцуш, тхох хIораннан амал дика йевзаш редактор вара иза. Зорбане йоккхучу материалашка лерина хьожуш, шатайпа тидаме хилар дара цуьнан амалшкахь. Массаьрца к1еда хила хууш, хаза гIиллакхаш долуш, комаьршалла йолуш вара Зайнади. Иштта мегаш, гIиллакхе хIусамнана а йара Зайнадин. ЦIе Зараъ йолуш.
Нохчийчохь кхолладеллачу чолхечу хьолан ойлайеш, даима а саготта хуьлура Зайнади. Цунна чIогIа лаьара Нохчийчохь паргIато йолуш, къам цхьана барте дирзина, бертахь дехаш хила. Мукъачу деношна цIа а вахана, со йуха редакце балха веъча, республикерчу хьолах дерг хоттуш цхьаьна охьахуий Iара тхойша.
ШолгIа шо а доладелира со цигахь балхахь волу. 1999-чу шеран гуьйре Нохчийчохъ тIеман хьал даржош, синтеме йоцуш, дуьйлучу герзийн татанашца йаьржина кхечира. Доьхна хьал хIоьттира даима сан кхерч хилла лаьттинчу Нана-Нохчийчохь. Со цIа ца вахча ца волуш хиларх дерг хаийта дагахь редакторан кабинетан неIарх чоьхьавелира со. ДегI нисдеш хьала а гIаьттина, тIех сингатгаме хеталучу хьажарехь соьгахьа хьажвелира редактор Аблиев Зайнади. Цуьнан хьажарехь а хаалора иза сан махка шозлагIа а тIом кхачарна гIайгIане хилар…
ЦIеранаш схьа а балош, йухавар дийхира соь Зайнадис, амма тIаьхьа дара и санна долу хIума дар. Маьрша дацара некъаш, тIеман гIовгIанех йаьккхина йекош тIеман сутарчу цIаро ца кхоош йагош йара Нана-Нохчийчоь.
1999-чу шеран сентябрехь, Зайнадин, редакцин коллективан Iодика а йина, сайн белхан кабинетан Iодика а йина, цIа ван аравелира со. Со цIа ван тIаьххьара новкъа волуш, суна тIаьххье уча велира Зайнади а, редакцин берриге журналисташ а.
Тийна дара Хасавюрт гIалин урамашкахь. Шуьйра зIаьнарш йаржийна богучу маьлхан зIаьнаршлахь дайн техкара некъан йистошкара дитташ. Сан ойланаш юкъахйохуш некъаца юкъ-кара хехкалора машенаш. ГIайгIане доцуш, дийладелла гора цигара адамаш. Ма-хетта маьрша дара цигара дахар. Маьрша дара некъаш, урамаш. Ткьа сан Нохчийчоь тIеман буьрсачу цIаро моьрцуш, отуш, хIаллакьйеш йара. Со цигара цIа веанчу буса ЖугIурта-эвла чу бомбанаш туьйхира.
Вайн махкара хьал жимма аттонга даьллачу хенахь вахара со Аблиев Зайнади волчу. Вела а къежна, веана суна мараиккхира Зайнади, редакцин хIетахь хилла белхахой а. Хийцина, керла цIе йара газетан а. «Нийсо» аьлла цIе а тиллина, республикански статус а йолуш, керла балха эцна журналисташ а болуш хийцамаш хиллера редакцехь. Дикка Iийра со а, Зайнадди а къамелаш деш.
Кху деношкахь, тхан газетан редактор волчу Кацаев Сайд-Хьасанехула хиира суна Аблиев Зайнади кхалхарх дерг. Шен хеннахь и цахаарна, сан аьтто ца хили Зайнадин гергара нах ган а, цаьрга кадам бан а. ТIаьхьа делахь а, Зайнадин хIусамнене Зараэ, гергарчаьрга, йиша-вешийлахь болчаьрга а, «Нийсо» газетан редакцин ерриге а коллективе цIенчу даггара ала лаьа: «Дала гечдойла, Дала декъал войла Зайнади. Дала ийманехь собар лойла дакъа мел кхаьчначунна а».
Иза суна дагахь лаьттар ву дика къонах а, оьзда а, гIиллакхе а адам хиларца. Иштта дош шен цIарах ала цо йуьззина бакьо йити на суна сан дагалецамашкахь. Куьйгалхо вара аьлла кураллех йа дозаллех цхьа хIума шен амалехь доцуш, гIиллакхех вуьззина къонах вара сан доттагI Аблиев Зайнади. Иштта ала хьакъ дара цунах даима а. Дала декъал войла иза…
Iалмирза МЕДИГОВ,
Куршлойн к1оштан «Машар» газетан «Соцкультбыт» отделан редактор,Нохчийн Республика.
2007-г1а шо. 1а.

(Т1аьхье хир йу)

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля