Газеташ — вайн истори йу…

 

Кхолламан беттан 13-чу дийнахь вайн пачхьалкхан Зорбанан Де ду даздеш. Тахана-м газеташ а, журналаш а ца оьшу адамашна, олий, хетало, амма кехатан газеташ ч1ог1а мехала ду, х1унда аьлча, уьш — иэс ду, 1алашдан а, йуха деша а йиш йу.
Шолг1а делахь, газеташ вайн истори йу, цара дуккха а хиламаш дагабоуьйту; кхозлаг1а делахь, баккхийчу нахана кхузаманан сайташ ца хаьа, амма, масала, газеташ леладо цара. Иштта оцу шина бахьанца х1инца а пачхьалкхо газеташ, журналаш, книгаш арахецар сацо сацам ца бина.
Ткъа, махкахой, вайн газетах лаьцна аьлча, бакъдерг цхьаъ ду: вайн цхьаъ бен доцчу газете йаздала реза дац адамаш. Иза вайна ца оьший хиъча, х1арам-ду д1ач1аг1а тарлуш.
«Шун къоман х1ара оьшуш ца хилча, газете язлуш берш вуно к1езиг хилча, х1окхунах х1ун до арадаьккхина?» — ала йиш йу тхан хьаькамийн.
«Х1унда ду-те вай иштта тамашийна?» — боху хаттар кхоллало х1ора газет йаздаран муьрехь.
Хаза къамелаш а, нахана йукъахь хаза дешнаш а олу вай — патриотизмах лаьцна, халкъе, ненан матте, г1иллакхашка болу безамах лаьцна, уьш лардарх лаьцна, вайн истори к1орггера талла езаш хиларх а лаьцна.
И мехаллаш диц х1унда йо вай? Патриот даккхий къамелаш деш верг вац, шен газете йазвелларг ву. Вайн патриотизман дуьххьарлера гайтам бу х1ара. Кхин д1а — маттан, историн, г1иллакхийн, культуре безам.
Хасавюьртан к1ошташкахь беха нохчий, амма дукхахберш газетаца бала болуш бац. Вай ца хилча, т1аккха хьан йаздан деза вайн цхьаъ бен доцу «Нийсо»?. Иза ду халкъан баланаш буьйцуш дерг. Иштта хала ду-те цуьнах кхета?
Даггара баркаллин дешнаш ала лаьа газетан гуттаренна йаздархошка а. Шу дацахьара йиш йацара тхан.
Оха даггара декъалбо тхайн массо а белхан накъостий а, подписчикаш а — Россин зорбанан денца!
Тхан хьоме газетадешархой! Шуна хетарг 1аламат мехала ду тхуна. Шайна хазахетарг а, сагатдеш дерг а йазде тхоьга.
Цхьа дехар дара тхан шуьга йерриге а материалаш электронни кепехь бен ца йаийтар. Кехат т1ехь йазйина йаийтина х1уманаш зорбане йаха аьтто бац тхан. Г
Кху шарахь «Нийсо» газетан кхузткъе пхиъ шо кхочуш ду! Ткъа шун хетарг газетах а, цуьнан чулацамах а лаьцна ч1ог1а мехала ду тхуна. Цундела йазде тхоьга!

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля