Марзо. Лекха хилла волчу АллахӀа Ша цхьаъ веш, Ша дин кхайкхо ваийтина Шен Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъ веш волчу бусулба стагана тӀедиллина уьйрашца, марзонашца, гергарчаьрца, лулахошца гӀиллакхе, оьзда, лараме, тешаме хилар. Пайхамара боху (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръана чохь боху АллахӀана Ӏибадат де, Цуьнца накъост ма лаца,...










