Кху деношкахь Х1инж-г1алахь Миннацо д1айаьхьира гоьрга стол: «Селханен а, таханен а, кханен а з1е». Иза лерина йара карара шо Путин Владимира шен омраца «Толаман шо» аьлла билгалдарна. Кхузахь дакъалецира профильни министра Муслимов Энрика, къанойн кхеташонан председатела Ибрагимов Ибрагима, «Защитники Отечества» Госфондан куьйгалхочо Курбанов Идриса, йукъараллин организацин векалша. Иштта, кхуза кхайкхина бара тайп-тайпана т1емашкахь дакъалаьцнарш...







