«Т1ом» боху дош муьлххачу а стагана кхераме ду, х1унда аьлча, вайна массарна а хаьа, муьлххачу а герзаца долчу къовсаро х1ун ирча т1аьхьалонаш йохьу: адамийн 1ожалла, церан боьхна кхолламаш, экономикан кризис, мацалла, къелла… Амма, халахеташ делахь а, вайн дуьне иштта ду — т1емаш хаддаза хуьлу тайп-тайпана меттигашкахь…
Чиллан беттан 15-г1а де — Афганистанехь беллачарна а, церан доьзалшна а лерина сий-ларам бу.
Иштта 1979-чу шеран чиллан беттан 24-чу дийнахь советан эскарш хьажийра оцу пана махка, чоьхьара анпал д1аберзоран 1алашонца. Массара а сатуьйсура и чолха хьал сиха д1анисдаларе, амма эххар а вайн пачхьалкх дерриге а итт шарна т1еман г1уллакхна йукъаозийра.
Итт шарахь х1ора дийнахь Афганистане керла эскархой т1ехь болу ц1ерпошташ хьажош йара. Жима к1ентий, дукхахберш хьалха цкъа а карахь герз а ца лаьцна болу, д1абохуьйтуш бара оцу гена меттиге. Церах дукхахболчеран цкъа а ц1а ца берза кхоллам хилла…
Хууш ма-хиллара, Советан Эскарна инзаре боккха иэшам хилира. Амма уггар хала т1е1аткъам бинарш мог1арера нах бара — церан оцу т1амо дай а, к1ентий а, берийн бераш а д1адаьхьира, ирсечу кханене сатийсам д1а а боккхуш…
1989-чу шеран чиллан беттан 15-чу дийнахь бен ца хилира Афганистанера советан эскарш арадахар.
Х1инца и де ламастехь лоруш ду вайн пачхьалкхехь интернационалистийн эскархой дагалоцу де санна.
Официалан хаамашца, оцу т1амехь советан халкъана вийна 15 052 стаг, лазийна 53 753, т1епаза вайна 417 стаг. Дукха кегий к1ентий генарчу Афганистанан лаьмнашкахь белла, луьра чевнаш а йина, ц1а бирзина.
Цигахь дакъалоцуш вара 3 эзар сов дагестанхо а. Царах 140 велла шайн дуьненайукъара декхар кхочушдеш. Т1еман операцешкахь доьналла а, турпалалла а гайтарна мидалш а, орденаш а йелла 750 дагестанхочунна, ткъа вайн махкахойх шина махкахочунна Советан Союзан Турпалхочун а, царех цхьанна Россин Турпалхочун ц1е а йелла.
Цхьаболу, къаьсттина синмехаллаш ледара йолчу к1енташна, церан дерриге а дахарна т1амо боккха т1е1аткъам бира — нагахь санна уьш дег1ана могуш-маьрша биснехь а — к1орггера психологин балано цомгуш бира уьш.
Х1етахь даьржина «Афганский синдром» боху алар, Вьетнаман т1амехь дакъалаьцначу 1амеркан эскархойн «Вьетнаман синдромца» аналоги йеш.
Дуккхачу а цигахь хилла болу к1ентийн маьршачу дахаре нисбала аьтто ца баьлла — ц1ахь, шайн даймахкахь, д1акхелхина, йа и 1азап диц дан ца делла, х1аллакхилла.
Хьоме ветеранаш! Шун т1еман а, адаман а зеделларг оьшу т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь. Шуна дика хаа вайн Даймахкахь бехачу дуккха а къаьмнашна йукъахь машар, барт, доттаг1алла латтор мехала хиларх.
Тхуна даггара лаьа массо а т1еман а ветеранашна а, церан доьзалшна а, доттаг1ашна а ирс-аьтто а, церан коьрта т1ехула маьрша стигал а хуьлийла!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ