«Селхане, тахане, кхане»

Кху деношкахь Х1инж-г1алахь Миннацо д1айаьхьира гоьрга стол: «Селханен а, таханен а, кханен а з1е». Иза лерина йара карара шо Путин Владимира шен омраца «Толаман шо» аьлла билгалдарна.

 

Кхузахь дакъалецира профильни министра Муслимов Энрика, къанойн кхеташонан председатела Ибрагимов Ибрагима, «Защитники Отечества» Госфондан куьйгалхочо Курбанов Идриса, йукъараллин организацин векалша. Иштта, кхуза кхайкхина бара тайп-тайпана т1емашкахь дакъалаьцнарш а, СВО-н декъашхой а, кегийрхой а.
Гулбеллачара дийцаре дира, т1екхуьучу чкъорана йукъахь патриотизм хьалайоккхуш белхаш барах лаьцна. Министра Муслимова билгалдира, Даймехке болу безамо къаьмнийн йукъахь йолу цхьаалла ч1аг1йо аьлла.
«Вайн истори а, культура а, къаьмнийн иэс а лардан деза вай. Кху шарахь билгалдоккхуш ду Сийлахь Боккхачу т1амехь Толам баьккхина 80 шо кхачар. Вайн лаам бу, малхбузехьа дозанаш лардаран г1уллакх а иштта толамца кху шарахь д1адерзийта.
Вайн истори ч1ог1а мехала йу. Цуьнца девза вайна, Россес цкъа а т1ом болош цахилар. Вайна мостаг1 т1е кхетча, вай иза оту, т1аккха и т1ом вай чекхбоккху. Вайн пачхьалкхана дезарг – вайн дозанаш лардар ду.
Шеко йоцуш, йоккха аг1о д1алоцу вайн исторехь фашизм отуш баьккхинчу толамо. Бакъдолуш, Дуьненан Шолг1ачу т1амехь уггаре а доккха дакъа лаьцнарг СССР йу. Амма, т1аьхьарчу шерашкахь, иза иштта дац бохуш, истори шайн аг1ора йазъеш, вайна дуьхьала белхаш беш йу малхбузера пачхьалкхаш. Вайна массарна а хаа дезаш ду, оцу т1амехь толам баьккхинарг вайн пачхьалкх йу, кхин цхьа а йац», – билгалдира министра.
Массара а дезаш т1еийцира, т1екхуьучу чкъорана йукъахь кхетош-кхиорехь беш болу белхаш жигара бахаран г1уллакх. Массара а билгалдира, и болх, дукхахьолахь, хьехархоша а, иштта, меттигерчу 1едалан белхахоша кегийрхошца дуккха а цхьаьнакхетарш д1ахьош а бан беза аьлла.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля