Россин Президентан Путин Владимиран омраца, карара шо «ТОЛАМАН ШО» аьлла билгалдина. Иза иштта лерина, кху шарахь Гитлеран эскар дохийна 80 шо кхачарна.
Д1адахана шо, хууш ма-хиллара, «Доьзалан шо» ц1е тиллина дара. Цунна т1аьххьа «Толаман шо» нисдалар ларамаза дац. Х1унда аьлча, доьзал кхетош-кхиорехь доккха дакъа лоцу патриотизмо. Ткъа, цхьа а шеко йоцуш, Даймохк ларбар — коьрта 1алашо йу федеральни урхаллин. «Толаман шарна» лерина, йерриге а пачхьалкхехь «Родина-мать зовет!» х1олламан сурташ д1аухкар ду.
Х1ара шо иштта билгалдаккхар — деккъа кехата т1ехь йаздина дуьсур долуш дац. Йерриге Россехь дехачу къаьмнийн цхьаалла гойтуш, массо а вахархочун Даймахке болу безам гойтуш хила дезаш ду х1ара. Къоман иэсехь гуттаренна а лаьтташ болу турпалхойн йуха а ларам барна бахьана а ду 2025-г1а шо даздаран хьоле даккхар. Иштта лаккхарчу т1ег1анехь д1адахьаро гойту, муххала оьшу вайна Даймехкан истори, халкъийн мехаллаш, турпалхойх иэс.
Х1окху хиламна лерина, федеральни а, региональни а т1ег1анашкахь, вайн пачхьалкх 1алашйархойх лаьцна кинош гойтур йу, массо а официальни хаамийн г1ирсашкахь дуьйцар а ду. Цул совнаха, йерригероссин шиъ фестивал а йийр йу – «Салют Победы» а, «Вместе мы – Россия» а.
Федеральни т1ег1анехь йерриге а йан лерина ши б1е ца-кхоччуш мероприяти йу, шайна йукъахь х1утосург беттан 9-чохь эскаран гайтам а болуш. Ткъа оцу г1уллакхана билгалбаьхна ах эзар сов г1оьнчаш (волонтераш) а.
Иштта, цуьнан гурашкахь д1ахьош «Победа одна на всех» ц1е йолу проект а йу. Иза лерина Сийлахь Боккхачу т1амехь толам боккхуш СНГ-н республикашкара бахархоша хьегначу къийнна. Ткъа СНГ-н Куьйгалхойн кхеташоно карара шо шайна йукъахь билгалдина «нацизмана дуьхьала, машаран а, цхьааллин а» ц1е тоьхна.
Кху шарахь оцу г1уллакхна лерина д1ахьур йолу мероприятеш х1инццалц санна мог1арера хилла 1ийр йац. Х1утосурге беттан 9-чохь 80 шо кхочу Сийлахь Боккхачу т1амехь Толам баьккхина.
И т1ом шайн б1аьргашна гина берш дукха а ца бисина. Х1ора денна бохург санна лахлуш лаьтташ ду ветеранийн терахь. Бакъду, иза иштта ца хилча а ца долу. Х1унда аьлча, царах уггар а жиманиг ву б1е шаре кхоччуш. Цундела, уьш вайна йукъахь мел бу, сих-сиха д1айахьа йеза т1екхуьучу чкъорана патриотизм лакхайоккхуш мероприятеш.
Билгалдо, х1ара шо иштта д1акхайкхор а ду оцу мехала хиламах цхьаъ.
БАЙМУРАДОВ Мовсар