Бакъдолуш, Россин политикехь кху шеран коьртачу гайтамашех цхьаъ – иза президентан харжамаш бара. Д1адаханчу к1иран чаккхенехь хилира иза. Х1инццалца схьа уьш цхьана дийнахь чекхболура. Амма, дерриге дуьненахь ун даьржиначулла т1аьхьа, вайн пачхьалкхехь харжамаш кхаа дийнахь д1ахьур бу аьлла, т1еэцна. Х1ара шо доладелчахьана бохург санна, жигара даьлла дара оцу г1уллакхна кечамаш баран белхаш. Федеральни центрера схьа...










