Путин В. В. — керлачу ханна президент!

Бакъдолуш, Россин политикехь кху шеран коьртачу гайтамашех цхьаъ – иза президентан харжамаш бара. Д1адаханчу к1иран чаккхенехь хилира иза. Х1инццалца схьа уьш цхьана дийнахь чекхболура. Амма, дерриге дуьненахь ун даьржиначулла т1аьхьа, вайн пачхьалкхехь харжамаш кхаа дийнахь д1ахьур бу аьлла, т1еэцна.

Х1ара шо доладелчахьана бохург санна, жигара даьлла дара оцу г1уллакхна кечамаш баран белхаш. Федеральни центрера схьа болабелла, муниципалийн куьйгалхошна т1екхаччалца, берриге а 1едалан белхалой кечамаш беш бара. Х1унда аьлча, халкъийн дахарехь доккха маь1на долуш х1ума ду Россин Президентан харжамаш. Цундела, х1ора а кхажтасенан председательша дуккха а белхаш дира оцу г1уллакха т1ехь. Ала дог1у, цхьа а шеко йоцуш, Россин Федерацин Президентан харжамаш чIогIа мехала хилам бара вайн махкара дерриге а халкъашна.
Кху шарахь и г1уллакх д1адаьхьира кху беттан 15-г1а а, 16-г1а а, 17-г1а а деношкахь. Х1инццалца санна, жоьпаллин мур хилла д1ах1оьттинера иза муниципальни белхалошна а, хьехархошна а. Х1унда аьлча, харжамийн комиссиш, дукха хьолахь, ишколашкахь йара. Ткъа меттигашкара 1едалан белхалой жимма хьалхо дуьйна бахархошна и г1уллакх довзуьйтуш къахьоьгуш бара.
Йерриге пачхьалкхехь кечйина эзарнаш йара. Ткъа шайн куьг йаздан бакъо йолуш бара берх1итта шо кхаьчна болу вайн бахархой берриге а. Х1ора а меттигехь низам ца дохойта т1ехьожуш тидамхой а бара.
Харжамхошна кечйина бюллетенаш т1ехь, Пачхьалкхан куьйгалхо хила хьакъволуш, виъ кандидат вара – хIинццалца схьа волу Президент Путин Владимир, КПРФ партин векал Харитонов Николай, ЛДПР партин куьйгалхо волу Слуцкий Леонид, «Новые люди» партии йукъара Даванков Владислав. Законаца нийса а дог1уш, хьалхарчу муьрехь чекхвала эхалла дукха харжамхоша кхаж тесна хила везаш вара кандидат.
Довзийта лаьа, х1инццалца хиллачу харжамашкахь наха шаьшша кхажтасене а баьхкина, дан дезаш дара и г1уллакх. Ткъа кху шарахь йукъадаьккхина дара интернетехула кхаж тасар а. Бакъду, 29 регионехь бен йина цара иза. Х1унда аьлча, иштта дерг вайн махкахь дуьххьара дина дара. Ткъа и г1уллакх муха д1аг1о а ца хууш, массо а регионашкахь цхьана йан кхераме дара. Цул совнаха, дукхах йолучу регонашкахь цунна оьшуш болу г1ирсаш а бара ледара.
Москвахь, иштта кхин йолу йаккхийчу г1аланашкахь харжамашка хьажа баьхкина 58 пачхьалкхашкара тергамхой а бара. Цара лаккхара мах хадийра шайна гиначу суьрте хьажжина. Цара билгалдира, кхажтасешкахь гуш цхьа а кхачамбацар дацара аьлла.
Довзийта лаьа, кху шарахь доьххьара Президентан харжамашкахь дакъалоцуш йара Донецки а, Лугански къоман республикаш а, иштта, Херсонски а, Запорожски а областаш а. Бакъду, Украинан 1едало дуккха а кхерамаш туьйсуш бара меттигерачу бахархошна. Херсонски областера Каховка а, Брилевка а олучу шахьарашка, шиъ машаре вахархо а лазош, бомбанаш а туьйхира ВСУс. Амма, къар а ца луш, меттигерачу бахархоша жигара дакъалецира. Харжамийн жам1ашца, цигахь х1оьттина хьал иштта дара: Донецки халкъан республика — 88,25%. Лугански республика — 87,12%. Херсонски область – 83,87%. Запорожски область — 85,02%. Цигара бахархой кхажтасе бар иштта лакхара терахьехь хилар – иза цара шаьш Росси пачхьалкхан реза хилар гайтар ду.

Вайн республикехь харжамаш д1абахьар

Йерриге а пачхьалкхехь санна, Дагестанехь Президентан харжамийн мур д1аболабелира кху беттан пхийтталг1ачохь. Бахархошна аьттонна, йерриге а республикехь болх беш 1861 кхажтасе йара. Ткъа и бакъо йолуш 1,7 миллион сов вахархо вара. Харжамийн кеп йохор а, и болх талхор а ца могуьйтуш, т1ех1иттина виъ эзар тергамхо вара
Хьалххарчу харжамхошна йукъахь вара Меликов Сергей. Цо шен «декхар» кхочушдира Х1енж-г1аларчу ДГУ-н юредически факультетехь йолучу кхажтасенехь. Кхуззахь, регионан куьйгалхочо жоьпаш делира журналистийн хаттаршна.
-Тахана вайна йукъахь пит1анаш даржош дуккха а нах бу, харжамашна новкъарло йан г1ерташ. Къаьсттина, Украинера вайн пачхьалкхана т1елетарш а ду дукха. Амма, бакъду, дозалардархоша йан ма йезза дуьхьалло йу царна йеш. И дерриге вайна т1елетарш – харжамаш ца хилийта ду. Вайна и хаа а деза.
Вайн республика гуттар а хилла, социальни-политикан хьал бахьана долуш, дозанан арахьара схьа, вайна йукъахь барт бохо г1ерташ, малхбузенан агенташ белхаш деш. Х1етте а, церан ницкъ ца кхаьчна шайна дагахь дериг кхочуш дан. Вайн бахархоша х1ора денна бохург санна гойту — Дагестанна машаре а, маьрша а дахар деза Россин йукъахь.
Кхачамбацар массо а хенахь хилла. Делахь, дан луш дерг да а деш, схьадог1уш ду вай. Тахана а вайн бахархоша гойту кхажтасене а бог1уш, т1аьхьалонна ойла шаьш йеш хилар. Ишттачу мероприятешкахь бахархоша жигара дакъалоцуш хилар – иза вайн сирла т1аьхье оьшуш хиларан гайтам бу. Йог1учу ханна вай дан дезаш дуккха а белхаш ду, дукха хьолахь инфроструктурин аг1ора – ток, газ, мала хи, иштта д1а кхин а. Х1ора баттахь бохург санна, схьайоьллуш социальни туьшаш а йу. Гергарчу шерашкахь и болх кхин а лакхарчу т1ег1ане боккхур болуш а бу!» — аьлла т1еч1аг1дира Меликов Сергейс.

Лоьмар 1511 йолучу кхажтасенехь

Х1ара кхажтасе йиллина йара Хасавюртан к1оштарчу Нурадилово йуьртахь. Кхузахь председатель вара Усупхаджиев Хизраил. Цо билгалдарехь, кхаа а дийнахь, нах цхьанаэшшара харжамашка бог1уш бара. 1200 гергга кхажтаса бакъо йолчарах, 970 вахархо веана кхуза харжамийн мур болабелчахьана. Цо билгалдоккху, цхьа а кхачамбацар а доцуш, низам а ца дохош, законаца дог1уш чекхбелира уьш. Шен ц1арах, оцу г1уллакхехь дакъа мел лаьццачарна баркалла элира Хизраила.
К1ирандийнахь суьйрана барх1 сахьт даьлча чекхйелира харжамашна лерина йолу хан. Цул таьхьа д1аболабелира бюллетенаш йагар йаран белхаш. Буьйса йуккъе йаххалца, кхаж тасен белхалоша а, таьргамхоша а цхьаьна билгалбехира кандидатийн меттигаш. Х1ора а регионашкара Избиркомийн гайтамаш цхьана а тухуш, д1адаханчу оршот дийнахь Москвахь жам1аш дира Россин Президентан харжамийн.
Цаьрца цхьаьна а дог1уш, толамхо ваьлла В. Путин. Цунна шайн кхаж д1абелла 76 миллион (87,22% ) ца кхоччуш харжамхоша. Шолг1а меттигехь Н. Харитонов ву. Цунна т1аьхьа вог1уш ву В. Даванков. Ткъа уггар а к1еззига кхаж баьлларг Л. Слуцкий ву.
Лаьа, йог1учу ханна, къаьсттина вайна, 1944-чу шарахь ц1ера даххарх йуха цlакхачаз аболу Дагестанера нохчашна пайдане хуьлийла и харжамаш.
Мовсар БАЙМУРАДОВ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля