Дуьненаюкъара заь1апхойн де ООН-н Генеральни Ассамблейс кхайкхина 1992-чу шеран 12-чу октябрехь. Х1ора шарахь и де билгалдоккху 3-чу декабрехь. Цуьнца доьзна Ассамблейс ООН-н декъашхошка – пачхьалкхашка кхайкхам бина, оцу дийнахь заь1апхой юкъараллин дахарна юкъаозорехьа мероприятиш д1аяхьар т1едуьллуш. И де билгалдоккхуш цигахь дакъалоцу правительствийн, правительственни йоцчу организацийн, векалша а, мог1арерчу адамаша а. Халахеташ делахь а, юкъараллин дахарна...








