Россехь Ненан де хIора шарахь лахьанан беттан (ноябрь) тIаьххьарчу кIирандийнахь даздо. Иза шатайпа дезде ду массо а вай билгалдохучу деношна йукъахь. Ненал хьоме хIумма а дац вайн, цул уллера адам а ца хилла вайна вешан дахарехь. Дала иштта кхоьллина адам, цуьнан ненаца йолу уьйр къаьсттина чIогIа йолуш, адамна иза уллера а, хьоме а, йеза а...








