«Единая Россия» партин региональни секретарь волчу Дагестанан куьйгалхо Меликов Сергей шен телеграмм г1ирсашкахула вистхилира Россин Президентан харжамийн жам1ашех лаьцна. «Путин Владимир Владимирович – иза Россин Президент ву! Йерриге пачхьалкхан дукхахболчу бахархойн лаам цхьанабог1уш хилира. Царна хетарехь, х1инццалца Президент лаьттина волу Путин Владимир ву Россин уггаре а оьшуш волу куьйгалхо. Дуьненайукъара политикехь а, чоьхьарачу г1уллакхехь...









