Да санна, халкъ, мохк, мотт безаш йара зайнап

Карарчу шеран мархийн бутт йукъа баханчу дийнахь вайн бусулба йиша Сулейманова Зайнап д1акхалхар нисделла. Иза Махкахь, Дуьненахь вевзаш волчу этнографан, Халкъан йаздархочун Сулейманов Ахьмадан йо1 йу. Россин йаздархойн декъашхо а йара Зайнап. Берийн йаздархо хилла ца 1аш, байташ йазйеш а йара иза.
Сулейманова Зайнап йина нохчий Махках баьхначу шерашкахь Казахстанерчу, Семипалатински областерчу, Аксаковка йуртахь, 1950 – чу шарахь.
Вайнах ц1а бирзича, Алхазур к1отарахь ишкол чекхъяьккхинчул т1аьхьа, Соьлжа- Г1ала Хьехархойн институте деша йоьду иза, жимах йолуш дуьйна бераш дукхадезаш, цаьрца болх бан лууш хиларна.
Да, Ахьмад, а вара республикехь вевзаш – лоруш хьехархо, йаздархо, ишколашкахь директоран белхаш а бина, цундела а дара йо1ана хьехархочун корматалла йезайалар.
Институт кхиамца чекх а йоккхий, Зайнап Нохч — Г1алг1айн книжни издательстве редакторан балха йоьду. Коллективо и йезаш т1е а оьцу.
Студент йолуш дуьйна, кхоллараллин болх беш йолчу Зайнапа, шен корматалла лакхайоккхуш, республикан газеташкахь, журналашкахь берийн дийцарш, туьйранаш зорбане доху.
Дийцарийн, туьйранийн, байтийн кхоъ книшка а ара йолу къоначу авторан. Йешархоша кхаъ хуьлий т1е а оьцу, Зайнапа даггара берашна лерийна йазйина йолу произведенеш.
Зайнап массо хенахь а шен ден Ахьмадан сий лардеш, иза санна халкъ, мотт, мохк, адам дукха дезаш, цаьрна хьанал йецаш, чекхйаьлла дахарехь а, коллараллехь а.
Ахьмадан ц1арахчу Музейехь Зайнап хьаша йацара, гуттара а Савдатана (Музейн директор) г1оьнча хилла йара иза. Т1ебаьхкинчу хьешашка, дешархошка, студенташка шен дех лаьцна дийца вуно дукха дара йо1ан. Цуьнга ла а дуг1ура, цунна дийца а хаьара. Цуьнан да Ахьмад вийца хьакъ а вара, х1инца а, суна хетарехь, денна а вийца везаш а ву.
Нохчийн Республикин Йаздархойн союзо халахетарца хаамбо нохчийн йаздархо Сулейманова Зайнап кхалхарх лаьцна. Билгалла а доккху Зайнап вайн махкахь йевзаш йара дика поэт а, прозаик а санна.
Къаьсттана бlаьрла кхиамаш бара цуьнан берашна йазйарехь. Уьш цуьна вуно дукха а дезара. Зайнапан кегийчарна лерина йазйина байташ а, дийцарш а, туьйранаш а бераша дезаш тlеоьцура. Поэзин а, прозин а масех гуларан автор йу иза. Вайн халкъан тоьллачу йаздархойх цхьаъ волчу поэтан, этнографан, lилманчин Сулейманов Ахьмадан йоl йара Зайнап.
Дала декъалйойла вайн бусулба йиша Зайнап! Шен х1усамех йаккхийейойла иза! Гергарчаьрна Аллах1а собар а лолда, могшаллица дахар а луш!
«Нийсо» газетан кхоллараллин тобано а ц1еначу даггара кадамбо Зайнапан гергарчаьрга. Дала гечдойла цунна! Аллах1а верасашна иманчохь собар а лолда!
Овхойн
Махкара 1умар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля