Регионан хьашташ кхочушдарна лерина цхьанакхетар

 

Х1енж-Г1алахь Россин Президентан Къилбседа Кавказехь полномочни представительца Чайка Юрийца цхьанакхетар хилира Меликов Сергейн. Лакхарчу даржера хьаша вай долучу веана вара Дагестанан экономически хьал довза. Дисанчеран йукъахь, цара дийцаре дира йукъараллин-политически хьал а, актуальни хаттарш а.

СВО-хь дакъалоцуш болучеран г1уллакхе муха хьожуш бу меттигера 1едалан белхалой? Иза а дара, коьртачу декъана белхан цхьанакхетарехь хьахийнариг. Пачхьалкхан малхбузенан дозанаш лардеш болу б1аьхойн доьзалийн хьашташ кхочушдар коьрта 1алашо хила йезар билгалдира кхузахь. Иштта, туризм кхиор а, Каспийски х1ордйистан кластер кхоллар а, токаца долу хьал а, молуш долу хи бахархошна кхачамболуш хилар а дара хьахийна. Цул совнаха, кхузахь дийцаре дира вайн республикехь халкъан а, региональни а проекташ кхочушйар. Чайка Юрийс шен къамелехь билгалдира, бахархойн хьашташ кхочушдаран хьокъехь Дагестанехь беш болу белхаш дика жам1аш долуш бу аьлла.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля