Iалашде Iалам!

 

Селхана вайн пачхьалкхехь билгалдаьккхина экологан де. Из а х1ора шарахь асаран 5-чохь даздеш ду. 2007-чу шарахь Госдумин экологин комитето д1акхайкхина Россехь х1ара де даздаран хьоле даккха деза аьлла. Иза Дерригедуьненан 1аламлардаран Де кхолларца дара. Дезде хуьлий х1ара д1ах1утту цхьамогг1а белхалойн – ихтиологаш, аквариумийн, зоопаркийн, дельфинарийн персонал, 1алам ц1енакхобурш, иштта д1а кхин а. Церан массеран а цхьа 1алашо йу – 1алам ц1ена кхабар а, кхиор а. Берриге шайн болу-боца ницкъ тlебохуьйту цара флора а, фауна а lалашйан. Т1аьхьарчу шерашкахь вайна къаьсттина дика го арахь долу чолхе хьал – маь1-маь11е кхийсина кхаьлли, цхьа талам боцуш, бохург санна, т1апазйойуш акхарой, хуург а цахуург ч1аралацархо хилла, хиш чуьра ч1ерий чекхдохуш…
Дийцича-м кхин а ду и чолхе хьолаш. Амма, доцца аьлча, иза адамийн сутаралла йу. Цул совнаха, х1оранна а бохург санна, го вайна муьлххачу а метте нехш кхуьссуш болу нах. Маггане а мегар дац иза. Цкъа делахь, адамалла ца хилар ду иза, йуха, вайн динахь а магош дац боьхалла йаржор. Цул совнаха, ц1ано ийманан цхьа дакъа ду аьлла. Цундела, хьоме махкахой, хила деза вай т1екхуьучу т1аьхьенна ойла йеш. Церан ахча-бохча хиларах пайда бац, сада1а х1аваъ ц1ена ца хилча, йа лаьттах хьалаболу стоьмаш а, хасстоьмаш а баа мегаш ца хилча.
Цхьана лардай вай нана-1алам?!
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля