Бахархойн хIусамаш карлайахар

Д1адаханчу п1ераскан дийнахь белхан хьашташ кхочушдарца вайн махкахь хилира «Фонд развития территорий» попечительски советан председатель Степашин Сергей.

Кхузахь Степашин Сергей а, ДР-н Куьйгалхо Меликов Сергей а цхьана хилира капетальни ремонт йиначу дукхапетарийн х1усамашкахь. Коьртачу декъана уьш хилира Каспийск-Г1алахь. Цара теллина ц1а 1963-чу шарахь доьг1на ду. Кху чохь вехаш ши б1е гергга вахархо ву. 2022-чу шарахь х1окху ц1ийнан тхов хийцинера. Ткъа х1инца, инженерни сеташ хийцира. Х1инца кху чохь бехачу бахархойн молучу хица а, чохь йовхо кхабарца а долу г1уллакх аттачу даьлла. И т1еч1аг1дира бахархоша а.
Региональни строительствон а, архитектурин а, ЖКХ-н а министран г1овс волучу Гасайниев Салама довзийтира, капитальни белхаш баран гурашкахь бюджетера лелийна 15 миллион сом ахча.
Кхуззахь регионан куьйгалла цхьанакхийтира аварийн общежитешкара бахархошца. Ала дог1у, программица цхьанадог1уш, уьш керла деш долучу дукхапетарийн ц1еношка баха ховжош бу. Царна лерина деш ду 257 петарийн ц1а. Оцу г1уллакхна билгалйаьккхина йиъ гектар сов меттиг а йу. Баьхкинчара билгалдарехь, меттигерачу бахархошна деш долу ц1енош йерриге йан йеза ремонт а йина кийча хир ду. Ткъа СВО-хь дакъалоцуш болучеран доьзалшна кхин а сов дакъа лур ду. Ткъа церан общежитеш хиллачу меттехь керла парк йийр йу аьлла хаийтира лакхарчу хьешаша.
И г1уллакх иштта дикачу аг1ора дерзаран бахьна – регионан Куьйгалхо оцунца бала кхочуш хилар дара. Бахархойн хьашташ шен коьрта декхар хеташ, леррина тоба а кхоьллина, ц1а дуг1а меттиг билгала а йаьккхина д1адолийнера цо и г1уллакх. Каспийск-г1алахь аварийни лерина дукхапетарийн 9 ц1а ду. Уьш дерриге а гергарчу хенахь д1адахар вайн декхар ду элира реионан Куйьгалхочо.
Цул т1аьхьа уьш баьхкира Х1енж-Г1аларчу Гамзатовн ц1арахчу ураме. Кхузахь хьевсира 1962-чу шарахь доьг1начу дукхапетарийн ц1ийне. Кхузахь т1аьхьарчу шарахь капитальни белхаш бина 8 миллион соьмана.
Степашин Сергей Минстройн куьйгаллица цхьана хьаьжира диначу г1уллакхе. И белхаш бина бара капремонт йаран Региональни программица цхьана а бог1уш. Цуьнан гурашкахь тайина йара ток а, йовхо йалар а, хи чу дар а, чуьра д1адахар а, газ а.
Кхузахь Гасайниев Салама билгалдаьккхира, меттигера ц1ийнаш Программи йукъа дахийтина дара шо хьалха аьлла, налогаш гулйаран хьал дикачу аг1ора хийцадаларан бахьна долуш. . «Х1ара санна, Коркмасовн урамехь а бина белхаш. Бакъдолуш, капремонтан программа а, комфортни хьал кхолларан программа а цхьана а тоьхна бина цигар белхаш», — т1еч1аг1дира Гасайниевс.

Турпалхойн доьзал –
фотовыставка

«Россия – моя история» ц1е йолчу исторически паркехь йиллина фотовыставке кхечира Степашин Сергей, Меликов Сергей. Уьш хьевсира «Дети героев, отдавших жизнь за Родину» темина лерина суьрташка. Кхузахь гайтаме дехкина 135 сурт дара. СВО-хь дакъалоцучеран шайн доьзалашца дехина суьрташ дара уьш. Выставкин автор Пайзуллаева Патимат йу. Ши шо хьалха СВО-хь ц1енда велла йисина йу иза. Патимат санна бисина болу зударшца цхьанакхийтира баьхкина хьеший. «Баркалла ду шуна тхоьгара. Тхуна ч1ог1а халахета шу ц1ендай белла дисарна. Шу дерриге а тхайн гергара а хета тхуна», — элира С. Меликовс. Иштта, цо билгалдира, муниципалийн т1ег1анехь а иштта мехала г1уллакх д1адахьар.

Регионехь футбол
кхиорах лаьцна

Яшин Леван ц1арахчу «Динамо» футбольни академехь хилира лаккхара хьеший оцу дийнахь. Ала дог1у, и академи кхоьллина 2020-чу шарахь «Анжи-Арена» базехь. Тахана кхузахь 1емаш 265 бер ду, йалх шарера 17 шаре кхаччалца долу. Академи кхоьллинчахьана, бераш дакъалоцуш ду «ЮФЛ ЮГ» турнирехь. Масийттаза лаккхара меттигаш а баьхна цара, йерригероссин т1ег1анехь. Кхузахь хьеший цхьанакхийтира жимачу футболисташца. Иштта, церан тренировкашка а хьевсира. Ткъа академин куьйгалло шен аг1орахула С. СТепашинна а, С. Меликовна а церан ц1араш а йолуш футболкаш йелира.
Регионан куьйгаллица кхеташо

С. Степашинс ша Дагестане варан жам1ашца, кхеташо д1айаьхьира. Дийцаре дира г1ишлош йаран белхаш жигара бахарах лаьцна. Ткъа Меликов Сергейс баркаллина дош элира хьешана. «Тхо долчу ван хан карорна а, тхан хьашташна къаьсттина тидам барна а баркалла ду тхоьгара.
Ахьа болийна болу некъ – аварийни г1ишлошкара бахархошна керла х1усамаш йалар, иза мехала болх бу. Халонгахь болу бахархой аттачу бахар атта дацахь а, шун г1оьнца тхо цу т1ехь къахьоьгуш ду. Оцу г1уллакхна лерина программа дуккха а шерашна лерина йу вайн», — элира С. Меликовс.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля