Мехкан дас «Нохчийн меттан шо» — аьлла, кхайкхина долу 2023-г1а шо дерзош, г1ура-беттан т1аьххьарчу деношкахь Т1ехьа-Мартан Йуьртан йукъерчу библиотекан белхалоша кечйина, «Халкъан сийлахьа къонаха, йаздархо» — аьлла дагалецамийн суьйре д1айаьхьира оьздангаллин Ц1ийнан залехь. Суьйре сийлахьчу поэтан, йаздархочун, публицистан, нохчийн литературехь йоккха хазна йитинчу Мамакаев Мохьмадан кхоллараллийна лерина йара. Цхьанакхетаре кхайкхорна дукха беза хьеший бара, махкахь...










