Пайденна цхьаьнакхетар

Мехкан дас «Нохчийн меттан шо» — аьлла, кхайкхина долу 2023-г1а шо дерзош, г1ура-беттан т1аьххьарчу деношкахь Т1ехьа-Мартан Йуьртан йукъерчу библиотекан белхалоша кечйина, «Халкъан сийлахьа къонаха, йаздархо» — аьлла дагалецамийн суьйре д1айаьхьира оьздангаллин Ц1ийнан залехь.
Суьйре сийлахьчу поэтан, йаздархочун, публицистан, нохчийн литературехь йоккха хазна йитинчу Мамакаев Мохьмадан кхоллараллийна лерина йара.
Цхьанакхетаре кхайкхорна дукха беза хьеший бара, махкахь а, махкалла арахьа а бевзаш-безаш болу поэташ, йаздархой, 1илманан белхалой, телевиденин а, зорбанан а векалш.
Хазахетраца т1еийцира: Мамакаев Эдуард, Борхаджиев Хожабауди, Тугузов Асланбек, Гайрханов Мовла, Арсалиева Люба, Эдаев Муса — нохчийн республикан яздархойн Союзан декъашхой, «Вести рекспублики» газетан корреспондент Абалаева Малика, иштта Мамакаев Мохьмадан гергара нах.
Программа д1айаьхьира йуьртан берийн библиотекан белхалочо Укаев 1исас.
Мамакаев Мохьмадан дахарах а, кхоллараллех а дуьйцуш, дешархоша цуьнан байташ йоьшуш, оьздангаллин Ц1ийнан иллиалархоша иллеш а олуш д1айаьхьира литературни суьйре.
Цу цхьанакхетарна библиотеко кечйина Мамакаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна выставка йара, йаздархочун говзарш, цунах статьяш, зорбанехь арайевлла йолу сборникаш а йолуш т1ехь.
Программин йуккъехь йара кечйина роликаш, Т1ехьа-Мартант1ехь, поэт ваьхначу х1усмехь кхоьллинчу цуьнан ц1арах йолчу музейх лаьцна презентаци а. Цхьанакхетар кечдеш доккха г1о лецира Мамакаев Асланбека а – Мохьмадан вешин к1анта, иштта байташ йоьшуш, музейх лаьцна дуьйцуш а бара Мамакаев Рамзан, Мамакаева Элиза а.
Къаьсстина хьовсархошна тайнера Кокураев Турпала, Мамакаев Рамзана, Мамакаева Элизас, Хатуев Ибрах1има йоьшу байташ: «Даймехкан косташ», «Т1улгаша а дуьйцу», «Нана», «Даймахке» иштта кхийерш а.
Божарийн тобано самукъадаьккхира хьовсархойн шайн зевнечу аьзнашца, Мамакаевн дешнашна т1ехь даьхначу иллешца: Мусаев 1умара, Асаев Исма1ала, Амирханов Мурада, Сухаев Асланбека, Сайдуев Руслана.
Суьйрене бахькинчу Йаздархойн Союзан декъашхоша хаза, чулацаме дийцира Мохьмадах, цуьнан дахаран некъах, библиотекана совг1аташ а дира, шайн керла арадевлла жайнаш а луш.
Якиева Аминат