Мехала семинар

Кху деношкахь, ма-дарра аьлча — гIура-беттан 16-чу дийнахь, Хасавюртара а нохчийн меттан йоза-дешар Iамочу хьехархойн рог1ера семинар вовшахтоьхна, д1айаьхьира г1алин №12 йолчу ишколан ненан меттан хьехархочо Солтаханова Кистамана.

 

Оцу мехалчу семинарехь дакъалецира ишколийн хьехархоша а, берийн бошмийн кхетош-кхиархоша а. «Нохчийн мотт хьехаран методика — 1илма санна» тема йолу доклад Умлатханан Кистамана йинчул т1аьхьа, семинар кхин д1а Нохчийн республикан коьртачу шахьара, Грозный г1ала бахарца хилира, шайна коьртехь Хасавюртан дешаран Урхаллин ненан меттийн коьрта говзанча-Рашидова Азра а, метод.цхьаьнакхетараллин куьйгалхо-Мазигова Малика а йолуш.
Грознехь (Соьлжа г1алахь), «Нохчийн къоман Iар-дахар а, ламасташ а» докладан темица а догIуш, яхана тоба дуккха а исторически меттигашка а кхечира: «Нохчийн Мехкан дог» маьждиге, «Горянка» ц1е йолу кхача кечбече, Нохчийн театран музее. Нурадилов Ханпашийн цIарахчу театрехь «Шан тIехь йина бIов» спектакале хьажа а аьтто хилира Дагестанера хьешийн.
Ала деза-иштта, Нохчийн республикин хьехархойн говзалла лакхайаккхаран институтаца а, «Нохчийн метан институтаца» уьйр а латтош, шайн кхетош- кхиоран а, йоза-дешаран а хаарш лакхадохуш, болх бечу оцу цхьаьнакхеттачу хьехархойн тобанна даггара довхачу дешнашца баркалла ала догIу, Керлачу Шарца декъал а беш : могшалла, ирс, аьтто лойла Везачу АллахIа шуна!

ЗАЙНУЛАБИДОВ Халид