Со-м ца аьхьна Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала, Дено, дено йохкуш кханенаш. Ас суьйренна къайлах лайна бала, Къаьхьа луьстуш мерза ойланаш. Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала, Хьан са гатлуш дог а дилхина. Ахь кхечунна Iенош бIаьрган алу, Со гуш йоцчу цIаро вагийна. Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала, Лалур доцуш алахь чорда дош....









