Хастамаш, лерамаш бу-кх Сийдолчу АллахIана, вай хIокху сийдолчу, лерамечу, беркатечу мархийн Рамадан батте дахарна. Гуттар а чIогIа вайн дегнаш мархийн батте хьашт долчу хенахь, уьш АллахIана генадевллачу хенахь, АллахIаца йолу йукъаметтиг херйеллачу хенахь, вай хIокху мархийн батте а даьхна, вайн дегнаш Шега дерзийна волчу АллахIана хастам бо вай. АллахI-Дала беркате бойла вайна хIара мархийн бутт. АллахI-Дала Шеца йолу йукъаметтиг тойойла вайн. Дехар ду-кх хIара мархийн бутт хьайн дахарехь тIаьххьара а болуш санна ларбарца. ХIокху мархийн баттахь айхьа дийр долу Iибадат, кхобур долу марха, дийр долу ламаз, доIа – хьайн дахарехь айхьа тIаьххьара дийр долуш санна лардарца. Цхьа мархийн бутт, цхьа а шеко йоцуш, тIаьххьара а богIур болуш бу вайна. Ткъа хIара мархийн бутт вайн дахарехь тIаьххьара а беана хила тарло-кх вайна. АллахI-Дала вайн дегнаш Шега дерзадойла.
Мархийн баттахь йан хала а йоцуш, йича вуно чIогIа йоккха йал хир йолу цхьа Iамал билгалйоккхур йу вай. Жувайриййа бинт Хьарис (Дела реза хуьлда цунна!) вайн Пайхамаран (Делера салам маршалла хуьлийла цунна!) хIусамнана хилла, йалочу хенахь жимо а йолуш йалийна а хилла. Жувайриййа бинт Хьариса, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) дийцина цхьа хьадис. «Ша Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа, ламаз динчу меттехь, кхин меттах а ца йолуш, хиъна Iаш йара ша, АллахI-Деле хьесталуш, Iибадат деш. Iуьйранна Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) цхьанхьа ваха аравелира, цул тIаьхьа делкъа хан хуьллучу хенахь чувеара иза. Иза цIавеача а, и дIавоьдучу хенахь хиллачу меттехь хиина Iаш карийра цунна ша». Жувайриййан ткъа шо бен хан а йац цу хенахь, Iуьйра ламазан хенахь дуьйна делкъа хан хиллалц, ша хиинчуьра хьала а ца гIоттуш, шен дог-ойла кхоьллинчу Далла тIейахийтина, Иза хьехош, Цунна хастамаш беш, хьесталуш доIанаш деш Iаш хилла иза. Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) чуваьлча, ша Iуьйранна дIавоьдучу хенахь санна, оцу меттехь хиина Iаш карийна Жувайриййа.
ТIаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) хаьттина цуьнга: «Ша Iуьйранна араволучу хенахь дуьйна йу хьо хIинца а иштта цхьана меттехь Iаш?» – аьлла. Жувайриййас аьлла: «Йу, кхин хьалагIаьттина а йац ша», аьлла. ТIаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) аьлла: «Хьо йолчуьра араваьлча кхузза хIара дешнаш (4 дош) элира ша, ахь Iуьйра ламаз дичхьана делккъалц динчу Iибадатца дуьстича, ша кхузза аьлла долу и диъ дош гIоле ма дара хьуна:
СубхьаналлохIи, ва бихьамдихIи, Iадада холькъихIи, ва ридзо нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидада калиматихIи».
И дешнаш эр ду Iуьйра ламазна хьалхара ши ракаIат суннат ламаз динчул тIаьхьа.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) аьлла: «Iуьйра ламазал хьалха деш долу суннат ламаз дар – хIокху дуьненал а, цу чохь мел долчу хIуманал а доккха, деза ду», — аьлла.
Нагахь санна, тарлуш (ларош, нислуш хилахь) суннат ламаз ма-диннехь эр ду, ткъа ца нислахь, цул тIаьхьа дукха дIа а ца тоьттуш Iуьйранна эр ду.
Дала вайн дегнашна марздойла Ша дукха хьехор Iамал-Iибадат алссам дарехь.
***
Йан хала а йоцуш, йича йоккха йал а хир йолу lамал. Иза даиман а ламаз карахь хилар, карахь латтор, ламаз эцарехь сутара хилар ду. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) хьадисехь ма-аллара: «Даимна а ша ламаз эцарехь а, и карахь латторехь а сутара хир ма вац, шен ийман лаккхарчу тIегIан тIехь, кхоччуш дерг бен. Ламаз карахь латторан пайданаш бу: ламаз а эцна, и карахь латторан Iадат а лаьцна, араваьлча, АллахI-Дала шайтIанан мекарлонах а, зуламах а, питанех а ларвийр ву иза; ша лоьхуш долчу хьаналчу рицкъанехь аьтто а бийр бу цуьнан; балха тIехь аьтто а бийр бу цуьнан; оцу балхахь мел болчу цакхетамех, хьогIах, вочу бIаьргех, гамонах лар а вийр ву иза, цхьа а жайнаш даха а ца оьшуш.
Ткъа ша ламаз эцаран мел йал йу аьлча, цунах лаьцна Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) сахьабас Iамр ибн Iасса аьлла: «Ша хаьттира вайн Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!), ламаз эцарх лаций дийцахьа, аьлла. – Шух цхьаммо а ламаз эца волалуш бага а, мерчу а хи кхорзур ма дац, йуха и хи мерчуьра охьа а докккхур ма дац, шун хIора а багаца, мерца, аш мел летийна кегий къинош охьа дохуш бен. И шен ламаз эцар долор ма дац цо, иштта цо йуьхь йилича, йуьхьа тIера дерриге а кегий къинош охьадохуш бен. Цул тIаьхьа ши пхьарс буьлур ма бац цуо, шен куьйгашца, пхьаьрсашца мел летийна кегий къиношна Дала гечдеш бен. Шен коьртана цо масхьу дийр ма дац, АллахI-Дала цуьнан коьртаца летийначу къиношна гечдиний бен. Иштта шен хьорканашка кхаччалц когаш буьлур ма бац лайно, АллахIа когашца мел летийначу кегийчу къиношна гейдиний бен. Цул тIаьхьа дIа а хIоьттина, ша кхоьллинчу АллахIана хастам, шукру а дина, шен йерриге а дог-ойла Далла тIе а йерзийна, цо ши ракаIат суннат ламаз а дахь, кегийчу къинойха цIанварал совнаха, ша дуьххьара дуьненчу волучу заманахь санна, дерриге а кегийчу къинойх цIанвелла дIахIоттор ву иза АллахI-Дала». Кхузахь билгалдолу вайна, ламаз эцарехь а, иза карахь латторехь а даима а сутара хилар а, хIора ламаз эцна ваьлча ши ракаIат суннат ламаз дарехь а иштта мало ца йеш сутара хилар а – оцу балхо бусалба стеган дерриге а кегий къинош, хьоккхуш, дIадохуш хилар.
Ткъа ламаз эцна ваьллачул тIаьхьа деш доIа ду Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) билгалдаьккхина. И доIа дича хIун йал хуьлу дуьйцу ХаттIаба воIа Iумара (Дела реза хуьлда цунна!) Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) элира аьлла: «Шух цхьаммо а кхоччуш цIенна ламаз оьцур ма дац, цул тIаьхьа ала а олуш:
«АшхIаду аллаь илаьхIа иллаьллохI вахьдахIу лаь шарика лаьхIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва росулуьхIу»,
АллахIа-Дала бархIе а йалсаманин неIарш схьа а йиллина, хьайна луъучу неIарх чу гIо, аьлла, Шен лена пурба деллий бен».
Веза-Сийлахьчу АллахI-Дала вайн дахар хIокху йезачу Iамале дерзадойла гуттар а.
***
Йан хала а йоцуш, йича йоккха йал а хир йолуш lамал.
Вай тахана дуьненахь хIора а цхьа гIайгIанехь, сингаттамехь ву. ХIораннан а дагчохь дIабоьдуш тIом бу-кх, оцу стагана шена бен хаа а ца хууш, цо иза шен кийрахь къуьйлуш, массо а шен кепара гаттонехь а волуш. Цо иза шен кийрахь къийлар бахьана долуш кхин а тIе иза баз а луш.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) ма-аллара: «ХIара дуьне набахти санна ду бусалба стагана». Набахтехь волу стаг маьрша вац, цуьнгахь паргlато а, маршо а йац, даимна а бала, сингаттам, къовлам бу цуьнгахь. Оцу кеппара гаттонехь хир ву бусалба стаг кху дуьненахь мел ву, ша йалсамане дIакхачалц. Ткъа йалсамане кхаьчча, тIаккха вер ву бусалба стаг паргIат а, маьрша а. Тахана вайгахь долуш долу хьал санна: цхьаверг шен чохь долчу хьолана саготта ву, иза шена ма-хетта дIа ца нислуш, цхьаверг балхахь долчу хIуманна, иза дIа ца нислуш, важа рицкъанан болх дIа ца нислуш, дIа ца шарлуш, ткъа важа цхьана дуьненан рицкъано ша цхьана адамах къастийна, иза шен дагчуьра дIа ца даккхалуш, иштта масане ду уьш.
Ткъа цунна хIун дан деза, и тIом сацо, оцу йуккъе машар бан, хьайн дог паргIат даккха? Дера веза и массо а хIума а кхоьллина, Iалам а, Iаламехь мел долу рицкъанаш а, ниIматаш а кхоьллина а, латтош а Волчу, иштта и сингаттамаш, баланаш шаьш хьуна тIекхачале АллахIера пурба а даьккхина, цуьнан пурбанца бен хьуна тIебиссина боцуш Волчу, Ша Цхьаъ волчу Деле хьайн хьал дIадалхо, Цуьнгара гIо а, маршо а, паргlато а, шорто а, къинхетам а, комаьршо а лохуш, Цуьнга кхуьйкхуш, къамеле вуьйлуш, хьайн дог паргIатдаккха деза-кх. Оцу АллахI-Деле болх а биллина, Цуьнца хьайн йукъаметтиг дIанисйинчул тIаьхьа дIабер боцуш цхьа а бала а, сингаттам а, гIайгIа а ца хиларх боккъалла а дог а тешийна. Ишттий бен хьайн дог паргIатдер доцуш, соцур боцуш тIом бу ахь кийрахь болийна латтош берг.
Цхьана Iеламстага аьлла: «дуьненахь чIогIа сингаттамо, гIайгIано лаьцнера ша, деган паргIато йоцуш хьийзаш вара ша цхьана а хIуманехь, банне а синтем боцуш. ТIаккха АллахIе кхайкха волавелира ша, боккъалла шен дог-ойла Цуьнга а товжийна. Делора, шен оцу боккхачу сингаттамах паргlато а, и сингаттам а, гIайгIа а, бала а, массо хIума а ша кхоьллина волчу АллахIехь ма карийра шена и синтем а, паргIато а».
И тIом бола-м бинера вай, и саца муха бийр бара-те, паргIатоне, синтеме муха кхочур ду вай, аьлла, и дуьйцур ду вай кхидIа.
Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна!) олу цхьа хаза дешнаш, сингаттамехь, гIайгIанехь волчу стеган чlогIа дог хьостуш а долуш:
«Ша Iуьйренга а, суьйренга а ваьлча, Iуьйранна ворхIазза, суьйранна ворхIазза аьлча, цуьнгахь мел йолу гIайгIа а, кийрахь мел болу сингаттам а цо сагатдийр мел долчу хIуманна, АллахI-Дала кхачаме вийр ма ву иза оцу массо хIуманех. АллахI-Дала оцу массо а гIайгIанех, сингаттамех дlацIандийр ма ду, паргIатдоккхур ма ду цуьнан дог», — аьлла. Уьш хIун дешнаш ду-те аьлча:
«ХьасбийаллохIу лаь илаьхIа иллаь хIува IалаьйхIи таваккальту, ва хIува роббуль-Iаршиль-Iазым», алар ду.
Кхачаме ву-кх суна АллахI массо хIуманна, и АллахI тоьаш ву-кх суна массо а хIуманна, мел чIогIа боккха сингаттам, бала, гIайгIа сайгахь йелахь а, дIабоьдуш болу тIом мел доккхачу эскарца беш белахь а. Шена Iибадат дан хьакъ волуш кхин цхьа а вац, АллахI воцург. Оцу АллахIе болх буьллу-кх ас, сийлахь долчу Iоршан Дела ву-кх иза, массо а хIума Шен долахь долуш, массо а хIуманна ницкъ кхочуш волу, Сийлахь волу АллахI ву-кх иза.
И дешнаш ахь аьлча боху Абу Дардаа, АллахI-Дала массо а сингаттамах, гIайгIанах паргIат а даьккхина, дIахIоттор ма ду цуьнан дог, 7-зза Iуьйранна а, суьйранна и дешнаш цо аьлча. Мел чIогIа хьо сиха воллуш хиларх, ларош вац аьлла хеташ хиларх, цхьа кIеззиг хан оцу дешнашца Далла тIе дог-ойла товжош йерза йе ахь.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) хьадисехь дуьйцу:
«ИбраьхIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна!) йоккха цIе а латийна, цу заманан паччахьо цIерга кхоьссинчу хенахь, цуьнан тIаьххьара а дешнаш хилла-кх:
«ХьасбийаллахIу ва ниIмаль вакийлуь».
«Йа АллахI, дерриге а гуш ву-кх Хьо, цхьа а хIума дац-кх сан долахь, Хьуна тIе болх буьллу-кх ас, Хьо кхачаме ву-кх суна, йа АллахI», — аьлла ИбраьхIим-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна!) ша цIерга кхоссале.
Ткъа Дала цунна жоп муха делла-те?
«ХIай, цIе! Шеллолахь, вага ма велахь Сан ИбраьхIим, оцу ИбраьхIиман дегIана там болуш мела хилалахь», — аьлла. АллахIа иштта омра а дина, оцу цIаре кхин цхьа а новкъарло ца йойтуш, кIелхьара ваьккхина-кх Шен ИбраьхIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна!).
Иштта, вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!) кераста наха бакъ ца веш, цунна новкъарлонаш йеш, шен гергара нах цунах дIабоьрзучу хенахь, цунна уггаре а дукхабезачу наха баккъаш деттачу хенахь, Сийлахьчу АллахI-Дала аьлла цуьнга:
«Фаин таваллаьв факъуль хьасбийаллохIу лаь илаьхIа иллаь хIува IалаьйхIи таваккальту, ва хIува роббуль-Iаршиль-Iазым».
«АллахI кхачаме ву суна, Шена Iибадат дан хьакъ волуш иза бен кхин Дела а вац, Оцу АллахIана тIе болх буьллу ас, сийлахьчу Iоршан Дела а ву Иза», – ала ахь, хIай Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна!), аьлла-кх вайн Дала, хьайн дахарехь мел дукха наха хьайна букъ тохарх а».
Цундела, хьайн дахарехь, хьайн дагах мел чIогIа уьйр тесна долчу адамех хьо къаьстинехь а, йа муьлхха а хало хьоьга кхаьчнехь а, Хьо кхоьллинчу Деле кхайкха хьо кху дешнашца, Хьайн дог Делах а тешаде ахь. Ткъа Шех тешийна долу дог АллахI-Дала цкъа а тесна дуьтуш а дац хьуна.
Зорбане кечйинарг —
ИДРИСОВ Ильяс