Кхерч Iалашбархо

Доьзал кхиош къахьоьгу цара

Бекарг беттан йуьххьехь Х1енж-г1алахь, йукъаралло г1одаран штабехь д1айаьхьира «Кхерч 1алашбархо» проектан презентаци. Кхуззахь дакъалецира регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс а.
Мероприятин чаккхенехь лаккхарчу хьешо билгалдира, иштта йолу проекташ Дагестанан массо а хаамийн майданашкахь лаккхара тидам беш йийцаре йийриг хилар.
Россин пачхьалкхехь дехашдолучу дерриге а къаьмнийн цхьаалла кхиорана а, иштта, доьзал кхетош-кхиорехь а, шайн-щайн халкъийн 1адаташца а, лелочу динца а хила ма-безза 1амош, лерина йолу программашца цхьана болх бийр бу йог1учу ханна «Кхерч 1алашбархо» проекто.
Къаьсттина вайн махкахь хьалха дуьйна схьадог1уш ду х1усамехь пхиъ, йалх, итт сов доьзалхо кхиор. Кху проектаца цхьанадог1уш ду, и 1адат ца хаддош д1адахьар керла кхоьллина йолучу х1усамашкахь диййцаре дар а.
Ткъа проектан «турпалхой» – итт сов доьзалхой кхиина наной хир бу. Цул совнаха, арахеца лерина 1амат а йу, республикехь дуккха а доьзал махкана пайдехьа кхиина болучу наношна лерина.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля