Чиллан беттан 21-чохь луларчу республикехь а, иштта нохчий мел бехачохь а билгалдоккхуш ду вайн ненан меттана лерина де. Ларамза дац, соьга хаьттича, иштта лаккхарчу т1ег1ане а даьккхина, цунна лерам бар. Цкъа делахь, иза вайн бу, уггаре хьоме а, хаза а. Аганахь дуьйна нанас беранна хазбеш, 1амош схьабеана а бу иза. ГIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ – уьш дерриге маттаца девза жимчохь дуьйна. Йуха, т1аьхьарчу шерашкахь ч1ог1а чолхе хьоле даьлла нохчийн мотт бийцаран а, кхиоран а г1уллакх. Х1унда аьлча, кегийрхоша, дукха хьолахь, оьрсийн меттан дешнаш йукъадаладо шайн къамелехь.
Кхин а доьхна хьал ду таханлера кегийчу, мотт 1емачу берашкахь дерг. Оьрсийн мотт «ненан» болуш санна буьйцу цара. Цуьнах х1ун хила кхерам бу? Бакъду, вайн мотт д1абалар. Ишттаниг хиларна кхоьруш йукъадаьккхина «Нохчий меттан де». Дукха хьолахь, иштта кхераме хьал г1аланашкахь хуьлу. Ала дог1у, берийн бешашкахь а, ишколашкахь а, иштта кхинйолчу дешаран учрежденешкахь а, тайп-тайпана белхан меттигашкахь а оьрсийн мотт бийцар дукха хуьлу. Иза иштта ца хилча а ца долу. Делахь а, къаьсттина доьзалехь берашка вайн мотт бийца а, бийцийта а беза.
Къаьсттина Дагестанехь долу хьал дийцича, беккъа вайн къомах берш бехачу йарташкахь-м, цхьадика, иштта кхераме дац. Ткъа вайца цхьаьна кхечу къомах берш бехаш болуш меттигаш а ма йу. Церах х1оранна а коьрта билгало а, къоман бух а бу ненан мотт. Тахана муьлхха а къоман уггаре а оьшучух коьртаниг бу иза.
Хуучара билгалдаккхарехь, кхин а цхьаъ кхачамбацар а ду. Ишколашкахь ненан мотт хьехаран са1аташ к1еззиг ду вайн махкахь. Ненан мотт муьлхха а къоман бух бу. Ткъа нохчийн маттаца цхьаьна б1ешерашкахь схьайеана вайн оьздалла, ткъа цуьнца цхьаьна — г1иллакх. Халахетарг – вайн мотт д1абаларца цхьаьна и дерриге а д1адолу. Вайх х1орамма а шен доьзалехь мукъана а ненан мотт бийцар коьртаниг ду. Т1аккха бен т1екхуьучу чкъоранна иза 1емар а, безар а бац.
Ненан мотт х1ора а къоман хазна йу. Иза санна дукха дезаш х1ума хила йиш йац вайн. Амма вайна массарна а хаа деза – мотт вай бицбахь, т1аьхьа бог1учара гечдийр дац вайна. Иштта чолхе чаккхенах Дала лардойла вай!
БАЙМУРАДОВ Мовсар

