Кхузткъе ворх1 шо даьлла Советан эскарш Афганистанера арадаьхна.
Дуккха а дуьйцу тахана и т1ом СССР-на х1ун маь1на долуш бара бохучух лаьцна. Ткъа, низамехь ма-хиллара, и дийцаре до уьш д1абаьхначу йа чубаьхкинчу х1ора шарахь.
«Оьшуш дарий иза? Афганистанера арадовла оьшуш дарий? Цу чудаха оьшуш дарий? Х1ун дицделла вайна цу т1амехь?» — бохуш. Ткъа массо а аг1оно шайн аргументаш кховдайо цунах лаьцна а, дуьхьал а. Ма-дарра аьлча, хаттар чолхе ду.
И дерриге а муха д1адоладелира бохучух лаьцна жимма. 1979-г1а шо долалуш дуьйна Афганистанан 1едало Брежневга г1о деха долийра оппозицица къийсам латторехь а, эскарш д1асадаржорехь а. Партин ЦК-но сацам бира — Союзера къилбаседан дозанаш ч1аг1дан, оццу хенахь, сингаттамехь йолчу Афганистанера Советан территори т1е д1аоьхуш долу даьржина наркотикаш лелор сацо.
Оцу муьрехь Афганистане д1атарбеллачу ницкъашкахь г1уллакх дина 620 эзар т1еман белхахочо, царех 525 эзар 500 Советан эскаран эскархо а, эпсар а, 21 эзар маьрша белхахо а, 95 эзар КГБ (шайна йукъахь дозанан эскарш а), чоьхьарчу полицин эскарш а, 95 эзар векал а.
Исс шарахь сов эскарехь хиллачу хенахь дерриг а вийначу нехан терахь дара 15 051 стаг, шайна йукъахь 14 427 герзахойн эскархо велла чевнаш а, бохамаш а, цамгарш а хилла. Т1амехь зе хилларш бара 82,5% — дарбан х1усамашкахь белларш а, ц1а беъначул т1аьхьа цамгаран т1аьхьалонех белларш а.
Оцу т1амехь дакъалаьцна 3 эзар сов дагестанхойн кегийрхоша а. Халахеташ делахь а, массо а цу т1амт1ера ц1а ца вирзира. Афганистанан лаьмнашкахь а, провинцешкахь а шайн синош д1аделла Дагестанан 141 к1анта.
Тахана оцу т1аме мухха хьаьжча а, цуьнан ветеранаша кхочушдора шайн буьйранчийн омра, вуьшта аьлча, шайн т1еман декхар. Х1унда аьлча, эскарехь, вайна ма-хаъара, командирийн омра дийцаре ца деш, кхочушдо. Уьш цига хьажийна мехкан куьйгалло. Финляндин т1амехь а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь а хилларш санна, т1еман ветеранаш бу уьш.
Тахана Дагестанехь дийна бисинчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман ветеранийн терахь цхьана куьйган п1елгашца дагардан лур ду.
Х1инца Дагестанерчу «афганхойн» цхьа коьрта анпал йу: цара шерашкахь сатуьйсу 1едалан субсидешка, шайн х1усамийн хьелаш тодархьама. Кхеташ ду, цхьаболчарна петарш йа ахчанаш делла, амма дукхахболчаьрна х1инца а даланза ду. Ткъа кхечарна уьш цкъа а ца кхаьчна — уьш д1акхелхина.
Чиллан беттан 15-г1а де ду сийлахь а, г1айг1ане а де — даима а вайн б1аьргех хи а долуш, дог лозуш хиларца билгалдоккхуш.
Оцу дийнахь Афганистанера Советан эскарш арадаьхна 37 шо кхачарна лерина дагалецаман барамаш д1ахьур бу Поклонная гу т1ехь а, Кремлехь а. Дагалецаман де вовшахтоьхна Йерриг Россин «Т1еман вежаралла» организацино а, Афганистанан ветеранийн Россин союзо а.
Билгалдаккха дог1у, Дагестанан тайп-тайпанчу к1ошташкахь ветеранийн 15 отделени хилар. Иштта х1ора шарахь вовшахкхеташ, дагалецаман барамаш д1ахьо цара. «Т1еман сийлаллин гу» мемориалехь мероприяти д1ахьур йу х1окху шарахь а, Хасавюрт г1алара а, Хасавюртан к1оштара а «афганцаша» дакъа а лоцуш.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

