Т1аьххьарчу заманахь вайна го дуьнент1ера хьал 1аламат ледара хилла хилар. Вайн дуьненан тайп-тайпанчу меттигашкахь хаддаза т1емаш хуьлуш бу, дуккха а адамаш леш ду.
Хууш ма-хиллара, мог1арера нах а, къаьмнаш а цу г1уллакхана бехке дац, уьш муьлххачу а диалектехь мотт буьйцуш белахь а, муьлххачу динехь лелаш белахь а. Дерриге а жоьпалла политикийн т1ехь ду. Иза вайна дика хууш ду.
Цу дерригенна а т1е а тевжаш, чулацамца а маь1не долу дезде кхоьллина — Дуьненайукъара машаран де.
Иза х1ора шарахь товбецан беттан 21-чу дийнахь д1ахьош ду. Дерриге а дуьненна ч1ог1а мехала а, оьшуш а ду и де, х1унда аьлча, гуттаренна хуьлуш долчу къийсадаларш а, т1емаш а дуккха а пачхьалкхаш шайна йукъаозо.
Т1ом — инзаре хьал хилла ца 1аш, вайн кханенна боккха бохам бу. Х1оразза а, и т1емаш хиллачул т1аьхьа, дуккха а х1ума меттах1отто дезаш ду. Цундела ду т1емаш хиларан кхерам адамашка д1акхачо лерина долу Дуьненайукъара машаран де кхузаманан адамна сел мехала.
Адамаша т1емаш цкъа а магош хила йиш йац, х1унда аьлча, вайн дахар ч1ог1а доца ду, цу чохь т1емашна а, къийсадаларшна а меттиг хила ца йеза.
Дика хууш ду, т1емаша шайца кхин а дуккха а баланаш бохьуш хилар – баларш, хала цамгарш, гуманитарни бохам…
Дуьненайукъара машаран дезде дуьххьара кхоьллина 1981 шарахь, йуьхьанца х1ора кхоалг1ачу шинаридийнахь даздора иза товбецан баттахь, амма 2001 -чу шарахь дуьйна сацам бира 21-г1а терахь билгалдаккха.
Х1ора шарахь билгалъйаьккхинчу м1аьргонна лерина хуьлу и даздар. Кегийрхой кхетош-кхиор, герз д1адаккхар, машар а, кхиар а — говзанчаша а, аналисташа а теманаш кхуллу, цаьрца дог1уш долу и даздар дуьнент1ехь д1ахьош долу.
1алашонаш цхьаьна озаца т1еийцира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин декъашхоша 193 пачхьалкхо 2015 шеран товбецан баттахь Нью-Йоркехь д1айаьхьначу пачхьалкхийн куьйгалхойн историн саммитехь.
Оцу дийнахь дерриг а дуьнент1ехь адамаш машаре а, маьршачу дахаре а кхойкху. Цунна боккха тидам т1ебохуьйту ишколаша а, университеташа а, кхийолчу дешаран заведенеша а, х1унда аьлча, кегийрхошкахь конфликтех нийса кхетам кхоллар мехала ду. Предприятешкахь а, офисашкахь а, муьлххачу а гонашкахь ч1ог1а лерина т1еоьцу и де.
Тематически цхьаьнакхетарш, конференцеш д1ахьо, гойту документальни фильмаш. Оцу дийнахь хаддаза вовшахтуху адамашна г1о даран г1улчаш, уьш бахьана долуш наха шайн лаамехь г1о до халачу хьолехь нисбеллачарна. Х1ора шарахь даккхий даздарш хуьлу.
Оцу дийно сатийсам ло дуккха а шераш даьлча маьршачу кханенехь даха.
Дезчу денца, хьоме махкахой! Машар а, барт а хуьлда вайна!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ
Маьршачу кханенехь даха…
