Вайн гIалахь хьалаайъина Толаман Байракх

 

Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь толам баьккхина 80 шо кхачарна лерина патриотически мероприяти д1айаьхьира Хасавюьртахь. Цигахь Советан Союзан Турпалхочун Джумагулов Эльмурзин мемориалехь лекхачу б1ог1ам т1ехь Толаман Байракх хьалаайъира.

Цхьаьнакхетар д1адоладелира «Лийр йоцу полк» илли аларца а, вайн пачхьхьалкхан гимн локхуш а. Волонтераша д1асайекъна гулбеллачарна Георгиевски ленташ – иэсийн а, т1еман сийлаллин а, баркаллин а символ.
Цигахь дакъалецира Россин Турпалхочо, лерринчу т1еман операцин декъашхочо Абуталимов Темирлана, Дагестанан Республикин кегийрхойн г1уллакхашкахула йолчу министерствон профилактикан белхан декъан куьйгалхочо Даязиев Магометтагира, депутатийн г1алин гуламан председатела, Чоьхьарчу Г1уллакхийн Министерствон а, Юкъараллин палатан а, Къанойн Кхеташонан а векалша а, организацешна куьйгалхоша а, ткъа иштта дешаран а, культуран а, спортан а, кегийрхойн боламийн а, волонтерийн цхьаьнакхетараллашкара а белхахой а.
Хасавюьртан куьйгалхочун Корголиев Корголин ц1арах маршалла дош дира администрацин куьйгалхочун заместитела Умаров Хайбуллас. Цо билгалдаьккхира: «Толаман байракх йеккъа цхьа вайн историн символ йац, иза доьналлин, Даймахке болу безаман байракх йу. Тахана, вай иза стигала хьалаайъеш, вай баркалла боху вайн маршо ларйинчу массо а стагана. Вай декхаре ду и дагалецамаш ларбан а, кегийрхошна д1акхачо».
Россин Турпалхочо Абуталимов Темирлана, гулбеллачаьрга вистхуьлуш, ч1аг1дира: «Массо а заманан турпалхой дагалеца а, сий дан а беза вай, цара гайтина хьуьнарш гуттаренна а вайн дегнашкахь дуьсур ду».
Толаман Байракх хьалаайа сийлахь бакъо йелира СВО-н т1емалошна а, Кавказан лехаман отрядан декъашхошна а, г1алин администрацин векалшна а. «Толаман де» иллин аьзнашца стигала хьалаaйъира байракх, доьналлин, сийлаллин, т1аьхьенийн иэсийн символ хилла д1ах1оьттина йолу.
Даймехкан турпалаллин д1адахнарг 1алашдан а, т1екхуьучу т1аьхьенашна иза д1акхачо а лааро цхьаьнатоьхна болу тайп-тайпанчу хенашкахь болу вайн г1алин бахархой вовшахтуьйхира барамо.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля