Хууш ма-хиллара, кхана дерриге и дуьненахь даздеш ду «Къаьмнийн йукъара зударийн деза де». Бекарг беттан барх1алгlа терахь ларош дуккха а вайн йижарий а хуьлу. Дисина денош санна ца хета царна иза, х1унда аьлча, оцу дийнахь уьш декъалбеш, совг1аташ луш, белхашкахь болчарна совдаьккхина алпа луш, тидам бо церан.
Х1ара де б1аьстенан йуьххьехь нисделла. Дуьззина 1аьнан дохала дижина лаьттина долу 1алам самдолуш хан йу х1ара. Керла хьаладовлуш долу зезагаш, х1ора 1уьйранна совдуьйлуш хезаш долу олхазарийн аьзнаш – оцу дерриге 1аламан хазалла цхьанадог1у зударийн хазаллица. Цундела, лаамза дац шо шаре мел долу зезагаш а луш, оцу денна лерина наной, йижарий, зударий декъалбеш хилар.
Вайна санна массарна а хеташ хила а тарло, делахь, вайн къоман зударийн сий-ларам лаккхара бу. Х1унда аьлча, бусалба дин а, къоман г1иллакх а цхьана ду вайгахь. Иза Дала вайх бина къинхетам а бу. Вайн къоман исторехь дуккха а киртигаш йу зударша шайн дика ц1е йаккхийтина. Хенан йохаллехь ц1ийнан дукъ шайн белшашна т1е а диллина, кхерч кхобуш, тароне хьаьжжина йуучунна а, молучунна а кхачо йеш, хьаша-да т1евоьссича, х1усамдена йуьхь1аржо йоццуш, кхача а, иштта, цунна бисина аьтто а беш, схьайог1уш йу нохчийн нана-йиша-зуда. Цул совнаха, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь дуккха а къахьоьгу вайн йижарша. Цундела ду вайн олуш «Зудчо къам кхиадо».
Т1аьхьарчу шерашкахь дерриге дуьненахь санна, вайн махкахь а бу зударий куьгаллийн даржашкахь совбуьйлуш: могашалла 1алашйаран а, дешаран а, оьздаллин а учрежденеш. Иштта, пачхьалкхан цхьамогг1а органашкахь а, предприятешкахь а лаккхара белхан меттигашкахь а бу уьш. Ала дог1у, дукха хьолахь, шайна т1едиллина г1уллакх кхоччуш барамехь чекх а доккху цара.
Кху даздаран денна лерина, оха тхайн а, иштта массо а божарийн а ц1арах даггара декъалдо шу, хьоме наной-йижарий-зударий. Гуттар а дог-ойла ловзуш, доьзалца ирс долуш, шортта могашалла йолуш дахар хуьлийла шун.