Т1екхочуш бу вайна сийлахь-беза бутт – Рамадан. И бутт везачу Дала къастийна кхечу беттанел даккхийн дозалашца. Рамадан баттахь доссо долийна Делан деза жайна – сийлахь долу Къуръан. И бутт базбеш, Дала бусалбанашна т1едиллина сийлахь–деза 1ибадат – марха кхабар. Хьадисехь цунах лаьцна деъна, Дала элира, йерриг Адаман беро йеш йолу 1амал цунна шена йу, марха кхабар доцург – и цо Суна йеш 1амал йу, аьлла: йуучу х1уманах а, молучу х1уманах а йухаволу и, иштта берриг синкъерамаш а буьту цо Суна дуьхьа – цунна хаза бекхам Ас Айса бийр, 10-нера 700 –енна т1екхаччалц алсам мела а луш.
Ша1бан беттан т1аьххьарчу дийнахь Делан элчано, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, иштта хут1ба дийшира: «Шуна т1ебеъна сийлахь-беза беркате бутт. Бутт бу иза, шена чохь эзар баттахь йолучул йеза буьйса йолуш (лайлат аль-къадр), бутт бу иза, шена чохь Дала дийнахь марха кхабар парз дина, т1едиллина а долуш, буьйсана ламазаш дар (таравийхь) совнаха меле 1амал а йолуш. Оцу баттахь цхьа жимма а диканиг диначунна кхечу хенашкахь парз 1амал йиначунна санна мела хуьлу. Оцу баттахь парз 1амал йиначунна кхечу хенашкахь 70 парз 1амал йиначунна хуьлу мела бу. Иза собар даран бутт бу, ткъа собар диначунна (Далла 1ибадат дарехь, хьарам х1уманах ларваларехь) бекхам йалсамани йу. Иза вовшийн дог эцаран бутт бу (мискачу нехан хьал довзарца). И бутт бу, шена чохь муъмастеган рицкъ совдолуш. Оцу баттахь суьйрана, хурма йелла а, йа хин къурд байтина а, марха дастийтар – цуьнан къиношна дуьхьал каппарат ду, жоьжахатин ц1ерах шен дег1 хьалхадаккхар ду. И бутт бу, шен йуьхь къинхетам болуш, шен йукъ гечдар долуш, шен чаккхе жоьжахатин ц1ерах хьалхаваккхар долуш. Оцу баттахь шена хьалхахь болх беш волчунна цхьа к1еззиг болх байбинчунна Дала гечдеш ду къинош. Дукха хилийталаш оцу баттахь дика 1амалш».
Оцу пайхамаран дешнашна, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, т1етоха х1умма дац.
Марха дастаран хазахетар ду Шари1ато гайтинчу новкъа: 1ийд-ламаз дар, 1ийданца вовший декъалбар, х1ораммо шен х1усамехь шен доьзална шортта даар-малар латтор.
Дала могуш-маьрша латтойла вай, уьнах-цамгарх хьалхадохийла, массо а питанех а, баланех а 1алашдойла вай!
Марша бог1ийла хьо, сийлахь-беза Рамадан бутт!