Нохчийн мотт (оьрс. Чеченский язык) — вайнехан меттанашна юкъа богIу мотт а, нохчийн къоман мотт а бу.Нохчийн мотт баьржина Нохчийн Республикехь, ГIалгIайчохь, ДегIастанан Хаси-Эвлан кIоштахь, Iовхойн кIоштахь, Бабаюртан кIоштахь, Кизилюртан кIоштахь, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. Россехь нохчийн мотт шен барамца пхоьалгIа меттехь бу (оьрсийн, ингалсан, гIезалойн а, немцойн а меттанел тIаьхьа). Нохчийчоьнан (оьрсийн маттаца нийсса) официалан...

