Массо а бер ду похIма долуш

Дешаран шо чекхдолуш ду юкъардешаран а, кхин тIе долу дешаран а заведенешкахь. Иштта кху деношкахь, дешаран шо дерзош, цуьнан жамIаш гайтаран концерт елира Соьлжа-ГIаларчу номер 5 йолчу Искусствон берийн школан дешархоша а. Халачу хьелашкахь занятеш дIаяхьа дезаш ю кху школин коллектив. Черноречье цIе йолчу кIоштахь, петарш йолчу цIа чохь, лахарчу гIатта тIехь масех чоь бен яц кхеран. Хьелаш хала делахь а, хан эрна ца яйина хьехархоша а, дешархоша а. Иза гуш дара бераша еллачу концертехь. Доккха похIма долуш, сценин йоккхачу говзаллица гайтира цара  массо а ала мегар долуш номер. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь эшарш локхуш, нохчийн а, гуьржийн а къаьмнийн хелхарш деш, кху школехь шайна Iамийнарг йоккхачу говзаллица схьагайтира бераша. Церан леррина хиларехь, сцени тIехь лела хаарехь гуш дара хьехархоша цаьрца дуккха а болх бина хилар. Корматаллин хаарш дара массара а   гойтург. Ур-аттал дуьххьара хьовсархошна хьалха хIиттина болу иллиалархой а, хелхарчий а  бацара боьхна а, гIалаташ дуьйлуьйтуш а. Оцо а гойту мел лерина болх бо кху школехь дешархошца. 
Хьовсархоша дика тIеийцира Хаматова Лилианас лекхна «ЖовхIар-нана», Инзиева Раянас дIааьлла «Даймехкан зезагаш», Исраилова Жасмина лекхна «Нохчийчоь — сан Даймохк», Масаева Iайнаа дIааьлла «БIаьстенан эшар»  эшарш а, хелхаран тобанаш дина нохчийн а, гуржийн а хелхарш а. 
КIорггера маьIна а, боккха чулацам а, говзачу хореографица хIоттийна а дара «Дадин Айбика» цIе йолу, къоначу зудабераша дина халхар.  Иза кху школин халхаран тобанан а, цуьнан куьйгалхочун, хореографан Дакаева Маликин боккха кхиам бу. Х1унда аьлча и халхар муьлххачу а йоккхачу конкурсе даккха мегар долуш ду. Шеко йоцуш, цо цигахь тоьлла меттиг йоккхур яра. Дади-Юьртан истори хууш волчунна муьлххачунна а боккха тIеIаткъам беш, халхаран номер яра зудабераша гайтинарг.
Фортепьянон декъехь доьшуш йолчу Сербиева Самирас а, Муртазалиева Асета а дуьненчохь шуьйра вевзаш волчу композиторан Иоганн Себастьян Бахан музыкальни пьеса лекхира пианино тIехь, шиммо а цхьаьний – олуш ма-хиллара, «деа куьйгаца». Ша произведени хала хиларал совнаха, шинна иза лакха а атта дац, йоккха говзалла оьшуш хIума ду иза. Делахь а ши йоI дика ларийра цу балхаца. 
Хьовсархоша дика тIеоьцура берийн хIора номер. Царах дукхахберш дешархойн дай-наной бара, шайн берийн шеран жамIийн концерте баьхкина.      Берел кIезиг доцуш, сагатдеш а, карзахе а бара уьш. Амма цара сагатдан оьшуш хIумма а дацара – берийн хIора номер дика яра. 
Концерт чекхъяьлча, сан къамел хилира Соьлжа-ГIалин номер 5 йолчу Искусстовон берийн школин директорца Арсанукаева Лида Билаловница. Иза кху школехь директор ю 2017-чу шарахь дуьйна. 
–Ишттачу школех кхин тIе а дешаран школа олу, вайна ма-хаъара. Тхан  школехь доьшуш 174 бер ду, уьш 7 шарана тIера 17 шарана тIекхаччалц хенаш йолуш ду. Масех отделени кху школехь берашна искусствон говзалла Iамош: инструментальни, кхузахь фортепьяно а, гитара а, дечиг-пондар лакха Iамадо; вокальни, кху отделенехь хорехь а, сольни а эшарш лакха Iамадо;
хореографин, иза тайп-тайпанчу къаьмнийн халхарш Iамадеш отделени ю; 
сурт дилларан а, декаративно-прикладной искусствон отделени, кхузахь берашна суьрташ дахка а, муьлххачу гIирсах хIуманаш ян а Iамадо. Кху шарахь тхан школера дешна ваьлла 17 дешархо. Церан дешар программица доьзна ду, масех шарахь иза кхочушйина яьлча, уьш школера дIабоьлху. Шуна гира тхан берийн похIма. Царах цхьаберш къаьсттина говза бу. Тхо даккхийде тхайн дешархойх, церан кхиамех. Хазахета уьш Iамош хьегна къа эрна цахилар. Хила тарло, уьш артисташ, искусствон белхахой ца хила а там бу, амма, со тешна ю, уьш искусство езаш, шайн дахарехь гуттар а цуьнга марзо йолуш, дика нах хирг хиларх.Шен белхан накъостийн цIерш яха олий, дехар до ас Лиде.  
 – Ас хазахетарца йоху сайн накъостийн цIерш, хIунда аьлча, коьрта долчу декъана, берийн кхиамаш уггаре а хьалха хьехархочун говзаллица а, цо хьоьгучу къинца а боьзна бу. Тхан хьехархой берриш а бу шайн цIерш яха а, хасто а хьакъ, делахь цхьаберш къастор бу ас. Хормейстер йолу Бакараева Липа Жумалатовна. Цо бераш Iамадо эшарш лакха. Церна похIма шуна тахана гира.  Хореограф йолу Дакаева Малика Султановна. Цо куьйгалла дечу тобано кхочушдира «Дадин Айбика» цIе йолу халхар.
Концертмейстер а, музыкин куьйгалхо а Джамбулатов Руман. Иза а, цо беш болу болх а бахьана долуш, кхиамца дIахьо тхан ерриге а концерташ а, репетицеш а. ДПИ-н хьехархо Гелагаева Яха Магомедовна. Ас ма-аллара, тхан ледара хьехархой бан а бац. Иштта хилча, кху кепара кхиамаш хир бацара.
Ас хотту кхин дIа а деша атто буй берийн, кхузара уьш бевлча, олий.
– Дера, бу. Юкъарадешаран школера бевлча, тхан документаш тIе а дехкина, искусствон вузашка а, колледжашка а деша баха аьтто бу церан. Вайн республикехь а ю Iаламат дика искусствон колледж,  Нохчийн пачхьалкхан университетехь актерийн отделени а ю. Кхечу гIаланашкахь а деша баха а аьтто бу церан. 
Доккха гIуллакх ду Лида Билаловнас а, цуьнан накъосташа а дийриг. Муха дац? Тахана 174 бер искусствон дуьненна юкъаозийна, музыкин, хелхарийн, музыкин гIирсийн, сурт дилларан хазалла царна Iамош, церан дог-ойла хазъеш, адамашца  дика уьйр-марзо кхуллуш, гIиллакх-оьздангалла довзуьйтуш, хьехархой къахьоьгуш хилча! Дала тIаьхье беркате йойла церан!

Авторан суьрташ 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля