Цхьалхха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш, 1алашвора цара шайн к1ант.К1ант кхиъна ваьлча, ломахь г1арабаьлла дика динний, нуьйран г1ирссий, т1емалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн к1антана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, ц1ера ара-м ца волуьйтура цара иза.Цхьана дийнахь юьртара к1ентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу к1антана а лиира цаьрца ваха.Дений, нанний т1евеъна,...
